Чт, 18 апреля, 15:36 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Культура и образование » Абхазин вице-президент: НР-н культурин денош шайн махкахь дӀадахьар маьӀне ду абхазхошна

Абхазин вице-президент: НР-н культурин денош шайн махкахь дӀадахьар маьӀне ду абхазхошна

15.03.2023 11:53

Карарчу беттан 13-17-чуй деношкахь Абхазехь дӀахьош ду Нохчийн Республикин культурин денош.

Церан гурашкахь нохчийн делегацица цхьаьнакхетар хилла Абхазин вице-президентан Гунба Бадран.

Цо билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикин культурин денош Абхазехь дӀадахьар — нохчаша абхазхошна дина совгӀат ду.

Цул сов, Нохчийчоьнан а, Абхазин а вовшашца йолу культурин зӀенаш чӀагӀйарна и денош дӀадахьаро Ӏаткъам бийриг хиларх а тешна ву Гунба Бадра.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь нохчийн делегацис совгӀаташ дира цунна — холхазан куй а, верта а делира.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |