Чт, 09 мая, 01:21 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Ахмадов Мохьмад-Эми: «Ноналлин (доьзалан) капиталах муьлххачу хенахь а пайдаэца бакъо йу»

Ахмадов Мохьмад-Эми: «Ноналлин (доьзалан) капиталах муьлххачу хенахь а пайдаэца бакъо йу»

20.06.2023 10:23

Ноналлин (доьзалан) капитал – иза пачхьалкхо доьзалшна гIолацар ду. 2007-чу шарахь дуьйна луш йу ноналлин капитал: шолгIа бер дина йа дола даьккхина (ткъа иштта, кхоалгIий, доьалгIий, цул тIаьхьа долу муьлхха а бер, нагахь ноналлин капиталах пайдаэцна бацахь) хьал хилча.

Ноналлин капиталан барам, Россин Федерацин Правительствос билгалйоккхучу индексацин коэффициентаца нийса а догIуш, хIора шарахь (чиллин беттан хьалхарчу дийнахь) тIетухуш бу, хьаштахойн мехаш дIадаханчу шарахь тIекхетарна индексаци йарца. Оццу кепехь дIахьош ду ноналлин капиталан харжийн буха дисинчу декъан барам лакхабаккхаре хьовсар а.

Республикин «Даймохк» газетан корреспондентаца хиллачу интервьюхь Россин Социальни фондан Нохчийн Республикехь йолчу Отделенин урхалхочо Ахмадов Мохьмад-Эмис дийцира ноналлин (доьзалан) капиталан пачхьалкхан программехь хиллачу хийцамийн хьокъехь.

– Iийсан Мохьмад-Эми, дийцахьа, 2023-чу шарахь мел тIекхетар йу ноналлин капитал?

– 2023-чу шеран чиллин беттан хьалхарчу дийнахь, Россин Федерацин къинхьегаман а, социальни кхиоран а проектаца нийса а догIуш, Россин Правительствон сацамца ноналлин (доьзалан) капиталана 11,9% барамехь индексаци йина. Цу тайппана, хьалхарчу берана 586 946 сом хир бу 2023-чу шарахь ноналлин капиталан барам, шолгIачу берана — 775 628 сом. Нагахь доьзало хьалхарчу берана ноналлин капитал схьаэцнехь, шолгIачу берана тIелур долчу ахчанан барам 188 681 сом хир бу.

– Хьалха а санна, ноналлин капиталан ахча кара схьаэца мегаш дац. Иза закон талхор ду. Делахь а, и ахча масех Iалашонна дIасадекъа йиш йу. ХIокху шарахь ноналлин капитал муьлхачу хьашташна хьажон мегар ду?

– ХIаъ. Нийса боху. Ноналлин капиталан ахча кара далар законо доьхкуш ду. Ноналлин капитал хьажо йиш йолу Iалашонаш хийца ца йелла — иза хьажон йиш йу берашка дешийтарна – берийн бешара дуьйна дешаран лаккхарчу заведенина тIекхаччалц. Берех муьлхарниг а Iаморна дала йиш йу, сертификатана бакъо йеллачул тIаьхьа дуьненчу даьллачу беран дешарна делла ца Iаш.

Ноналлин капитал хьажо йиш йу:

– ненан пенсин тIекхетаран декъе;

– заьIапалла долчу берийн хьашташна а, парталшна (товар) а;

– хIора баттахь дIадала дезачу ахчанна (выплатана), нагахь шолгIа бер 2018-чу шеран кхолламан беттан 1-чу дийнал тIаьхьа дуьненчу даьллехь йа дола даьккхинехь, доьзалерчу хIора синна тIебогIу пайда хене валарна оьшучу шина барамал кIезиг белахь а, цуьнан барам регионехь берана хене дала оьшучун барамехь делахь а;

– хIусамийн хьелаш тодарна – цIа дарна, реконструкци йарна, ипотекехула хьалхара взнос йарна, ипотекех хенал хьалха дIадаларна.

ХIусамийн хьелаш тодарна ноналлин капиталах пайдаэца мегар ду беран кхо шо кхаьчча. Иза хьакхалуш дац коьрта декхар дIатакхарх а, ипотекина хьалхара взнос йарах а. Иза дан тарлуш ду хьалхара бер дуьненчу ма-делли а, бер дола ма-даьккхина а.

– Ноналлин капиталан сертификат схьаэцарехь бераш ненан паспорта тIе дIайаздина хила дезий?

– ХIан-хIа, ца деза. Делахь а, нагахь ноналлин капиталан сертификат схьаэца чуделлачу документашна тIехь галморзахаллаш йелахь (масала, бераш даран хьокъехь долчу тоьшаллашна тIехь ненан тайп-тайпана фамилеш йелахь), бераш тIейаздина паспорт хиларо ноналлин капиталан сертификат даларехь коьрта маьIна лелор ду.

– Дийцахьа, нагахь ноналлин капиталан сертификат схьаоьцуш делахь, Iаш волчу йа регистраци йинчу метте вахар тIехь дуй?

– Пачхьалкхо кхитIе а гIолацарна бакъо йолчеран йа церан бакъонца болчу векалийн аьтто бу ноналлин капиталана пачхьалкхан сертификат схьаэца Россин Федерацин Социальни фондан меттигерчу муьлххачу а органе ваха, Iаш волчу меттигах доьзна доцуш.

Шена луъучу меттехь йа пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушдаран дуккха а хьаштийн туьшехула ноналлин капиталана сертификат схьаэца йиш йу.

Сертификат схьаэцарна дехар чудала мегар ду пачхьалкхан хьаштийн порталехь йолчу гражданинан шен кабинетехула.

2020-чу шеран оханан беттан 15-чу дийнахь дуьйна ноналлин капиталан сертификат дIало Россин Федерацин Социальни фонде кхочучу ЕГРН-н а, ЗАГС-н а хаамийн буха тIехь.

– Ноналлин капиталан харжийн чоьтах хIора баттахь ахча (выплаты) дIадала доьзалан бакъо йу йа йац муха хуур ду?

– Цунах дерг хаархьама тIаьхьарчу 12 баттахь доьзална тIебеанчу пайданан йукъара барам мел бу а хьаьжна, иза 12-нна боькъур бу, цуьнан жамI доьзалера берриге а декъашхой лара а лерина, церан барамна боькъур бу, дуьненчу даьлла долу бер а тIехь лоруш.

Нагахь цуьнан барам хене валарна оьшучу лаххарчу барамал шозза кIезиг хилахь, доьзалан бакъо хир йу хIора баттахь дIадала деза ахча схьаэца.

– Ноналлин капитала тIера хIора баттахь ахча схьаэца дехар маца чудала мегар ду?

– Бер дуьненчу даьллачу тIаьхьарчу кхаа шеран йохаллин муьлххачу хенахь а чудала мегар ду хIора баттахь дIалуш долу ахча хIотторан хьокъехь долу дехар. ХIора баттахь луш долу ахча доьзална беран 3 шо кхаччалц луш ду.

Бер дуьненчу даьллачул тIаьхьа кхо бутт балале дехар чуделлехь, ахча лур ду бер дуьненчу даьллачу денна тIера дуьйна (бер дуьненчу даьллачул тIаьхьа ахча хIотторна дехар чу ца луш дIадевллачу беттанашна гражданинна буьззинчу барамехь дIалур ду).

Нагахь гражданина хIора баттахь дала дезачу ахчанна дехар беран 3 бутт кхаьчначул тIаьхьа чуделлехь – дехар чуделлачу денна тIера дуьйна. ХIора беттан ахча 12 баттана хIоттош ду. Амма беран кхо шо кхаьчначул тIаьхьа луш дац иза.

ХIора беттан ахча даларна шолгIа дехар чудала тарло билгалдина ахча хIотторна хIоттийначу муьран тIаьххьарчу баттахь.

– ТIаьххьара хаттар… Ноналлин (доьзалан) капиталан сертификатана билгалйина хан йуй? Иза дIайаьлча сертификатан бакъо дIа а йолуш?

– ХIан-хIа, йац. Нагахь ноналлин (доьзалан) капиталана бакъо йеллехь, цунах пайдаэца мегар ду шена бегIийла йолчу муьлххачу а хенахь.

– Мохьмад-Эми, баркалла, Дела реза хуьлда хьуна, хьайн гIуллакхаш мел дукха хиллехь а, тхан хаттаршна дуьззина жоьпаш даларна а, тхоьца къамел дан хан карорна а!

Интервью дIайаьхьнарг – Т.Халидова

Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ

Источник: Газета "Даймохк".

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |