Вт, 16 апреля, 13:59 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Р.Кадыров: Кегийрхой кхетош-кхиоран концепцис шен эвсаралла гайтина

Р.Кадыров: Кегийрхой кхетош-кхиоран концепцис шен эвсаралла гайтина

28.02.2023 16:40

ТӀекхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепцин 10 шо кхачарна лерина кхеташо дӀайаьхьна Правительствехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Оцу концепцин гурашкахь бина болх а бовзуьйтуш, доклад йина Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин динан а, йукъараллин а организацешца зӀенаш латторан департаментан директора Абдулаев Аслана.

Цо дийцарехь, и Концепци кхочушйаран 10 шарахь дӀайаьхьнарг 310 эзар сов мероприяти йу, 150 эзар мероприяти кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран гурашкара а йолуш.

Экстремизмаца а, терроризмаца а къийсам латторан гурашкахь 75 эзар мероприяти дӀайаьхьна, 36 эзар сов мероприяти — наркоманина профилактика йаран Ӏалашонца.

Некъан бохамаш цахилийтаран Ӏалашонца дӀайаьхьнарг а йу 36 эзар сов мероприяти.

ДӀасакъаьстина доьзалш цхаьнатохаран гурашкахь а бина боккха болх — 20 эзар сов мероприяти.

Цхьаьнакхетарш а, конференцеш а, горга стоьлаш а, тренингаш а, конкурсаш а, лекцеш а, кинолектореш а, и.д.кх.а гӀуллакхаш ду дуьйцурш.

«Вайн болх а, зеделларг а тов кхечарна. Вайх масал эца а буьйлало уьш. Шеко а йоцуш, дика гайтам бу иза«, — билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана лакхахь хьахийначу Абдулаев Асланан доклад чекхйаьлча.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |