Мир
Минздрав Газы сообщил о более чем 34 тыс. погибших при ударах Израиля по анклаву
Главная » НОВОСТИ » Интервью » Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар
Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар
25.04.2010 11:20
Ненан мотт - иза кхетош-кхиоран а, оццу хенахь кхидолу меттанаш 1аморан а шатайпа г1ирс бу. Меттан г1оьнца уьншерийн к1оргенера таханлерчу дийне кхаччалц схьаеана xlopa халкъан башхалла. Ненан маттахь къамел до вай вешан берашца, оцу маттахь 1амадо дайн сийлахь 1адаташ, оьзда г1иллакхаш, йовзуьйту дуьненан хазалла, исбаьхьалла. Цундела муьлххачу юкъараллин а декхар ду шен ненан мотт 1алашбар, кхиор, т1екхуьучу чкъурана синхазна д1акховдор.
Кху дезчу дийно декхаре до вай ненан меттан хазна ларъярехьа кхин а ч1ог1а къахьега. Х1унда аьлча, мотт къоман коьрта билгало ю. Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьажин. Х1окху дийно вайна массарна а дагадоуьйту массо халкъан шен, кхечерачух къаьсташ йолу, культура, 1адаташ, ламасташ хила бакъо хилар а, и хазнаш ненан маттаца йоьзна хилар а. Билгалдаккха лаьа, уггар хьалха нохчийн меттан г1o лаца дезаш хилар а, иза бийцар, цунах пайдаэцар шуьйра юкъадало дезаш хилар а. Вай даима а дагахь латто деза билггал нохчийн матто г1o до къам оьзда, иманехь хилийтарна.
Вайна хьалха лаьтта 1аламат мехала декхар - хьекъале, собаре, говза меттан политика д1аяхьар. Ненан меттан дашах нохчийн халкъ цхьаьнатухуш болу, цуьнан барт ч1аг1беш болу г1иpc бан беза вай. Вайн Даймахкана ц1е елла болу мотт лара безаш хиларх, цуьнан сий дан дезаш хиларх, ткъа иштта кхечу халкъийн меттанаш лара дезаш хиларх вай дерриг а к1орггера кхета дезаш хиларх тешна ву со.
Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца. XIapa де хазаллин, дикаллин, доттаг1аллин де хилла лаьттийла вайна!
Нохчийн Республикан Президент Кадыров Р.
Пресс-служба Президента и Правительства Чеченской Республики
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться:Также в разделе «Интервью»:
- 07.04.2024 / 15.57
- Абутахир Висмурадов о Рамадане на СВО: Нам не хватало только еды, приготовленной руками матери
- 01.04.2024 / 16.44
- Валид Бацилов: Чеченские полицейские могут действовать наравне с любым спецподразделением
- 07.03.2024 / 09.01
- В ЧР запущен пилотный проект по объединению клиентских служб СФР и многофункциональных центров
- 05.03.2024 / 15.48
- Арби Агуев: Спорт для меня - образ жизни
- 04.03.2024 / 14.29
- Исхак Чалаев: ЧР – единственный регион России, где МВД разрешили участвовать в СВО