Сб, 20 апреля, 02:17 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Власть и политика » Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Р. Кадыровн мархийн бутт чекхбаларца доьзна декъалдар

Нохчийн Республикан Куьйгалхочун Р. Кадыровн мархийн бутт чекхбаларца доьзна декъалдар

30.08.2011 17:57

Хьоме вежарий, йижарий! Дала вайна совг1атанна баийтина болу мархийн бутт чекхбели.

Дала вай йина 1амалш, вай хьегна къа, вай дина 1ибадат шен дуьхьа дойла. Вайн массо а къиношна гечдина, вайца долу вон х1ума д1адаьккхина, ирс а, беркат а, иман а, ислам а вайн махкахь ч1аг1деш боьдуш хуьлийла х1ара беза мархийн бутт.

Дала массо а аьтто боцучунна аьтто беш, массо а могуш воцучунна г1оле еш, балано а, г1айг1ано а хьийзош верг баланах а, г1айг1анах а хьалхавоккхуш, боьдуш хуьлийтийла х1ара беза мархийн бутт. Мархийн баттахь вайн махкахь дуккха а дика х1уманаш хилла: дуккха а маьждигаш схьадиллина, хьуьжараш д1айиллина, дуккха а нехан аьттонаш бина, дуккха а адмийн барт бина.

Д1адахна шеран мархийн баттахь дуьйна схьа вайн махкахь йиъ б1е сов ч1ир юьтуш, эзарнашкахь кегий доьвнаш дуьтуш, адмийн иман ч1аг1луш, схьайог1уш беркате зама ю вайна. Дала х1окху заманах хьега ма дойла вай. Дала вовшех дашар а, дезар а лойла вайна.

Х1ора доьзалахь шен ден- ненан дог оьцуш, шен дай, наний ирсе деш,

дас, нанас шен доьзалхо иманехь кхиош, мохк хазбар а, мохк табар а, халкъан дуьхьа дика х1уманаш даг чохь долуш, ирсе хуьлийтийла Дала х1ара мархийн бутт.

Вайн дог-ойла хууш верг Дела ву. Вайн дог-ойла Дела шеен дуьхьа, вайн халкъан дуьхьа къахьегар ю. Вай Деле доьхуш дерг - вайн мохк табар, хазбар, кхин цкъа а т1аме 1овжа ца байтар, кхин цкъа а дегнаш делха ца дайтар ду.

Вайн махкахь вайн дуьххьарлера Президента битина некъ – иза Делан некъ бу. И х1ун некъ бу аьлча – адам барте кхайкхар, вай декъа цадалийтар, оппозици, позици, лам чохь верг, хьуьнах вахнарг бохуш.

Вайн махкахь бакъ дин довза луучунна бакъ дин довза меттиг ю. Динан бух мичахь бу, динан дозанаш муха ду – иза вай махкахь долуш ду. Цундела вай бакъ дине – шари1ате, тъарикъате – г1ерта деза. Кхидерг – керла юкъадаьлла вайца дог1уш доцу х1умнаш ду, уьш вай лелор дац.

Х1ора къоман шен г1иллакх ду, къаьмнийн шен дин ду, ткъа бусалба дин, Къуръанан доьссина долу х1ора аят, х1ора сурат шен бух болуш доьссина ду.

Вай, Дала мукъалахь, ц1енна Делан некъ безаш, Делан дин дезаш, Дала ваийтина волу Пайхамар (Делера салам-маршалла хийла

цунна) везаш, цул т1аьхьа эвлияаш безаш ду. И бахьана долуш тахана вайн махкахь иман, беркат долуш къам ду.

Дала вайгара дика болх схьа ма баккхийтийла. Дала массо а Делан некъа т1ехь нислойла. Дала барт цхьаъ бойла. Дала марханаш къобал дойла, хьегна къа меле яздойла.

Источник: Пресс-служба Главы и Правительства Чеченской Республики

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |