Мир
Apple представит новые планшеты iPad на презентации 7 мая
Главная » НОВОСТИ » Общество » Хьоме махкахой!
Хьоме махкахой!
25.04.2014 12:52
Тахана вайн къоман доккха деза де ду – вай билгалдоккху Нохчийн меттан де. Иза даздар мехала хилла д1ах1оьттина вайн бахархошна.
Х1ара дезде кхолладалар доьзна ду вайн дуьххарлерчу Президенто, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас д1абаьхьначу некъах. Иза тешна вара, нагахь вай мотт бицбахь, вайн халкъана цуьнах боккха эшам хир буйла.
Мотт иза къоман юьхь ю, ненан маттахь санна хаза, говза дийцалур дац г1иллакхаш, ламасташ, хасталур бац Даймохк, цуьнан исбаьхьа 1алам. Цу т1е а доьг1на, вайн мотт, и мах боцу бахам, ларбар 1алашо йолуш, Нохчийн меттан де хила деза аьлла, шен омарца ч1аг1дина вайн мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Тахана вайн республикехь нохчийн маттахь арадовлуш ду газеташ, журналаш а, телевиденехь д1ахьош ю нохчийн мотт кхиорехьа йолу дуккха мехала проекташ, бусулба динах лаьцна передачаш а. «Ненан мотт» аьлла ц1е туьллуш билгалбина нохчийн къомо шен мотт. Дала и ларбарехь, биц ца барехь, кхиорехь сов дохийла вай.
Ас даггара декъалдо шу, махкахой, кху дезчу денца! Могашалла, ирс-аьтту хуьлийла шун дахарехь.
Абдурахманов Дукхаваха,
Нохчийн Республикан Парламентан Председатель
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться:Также в разделе «Общество»:
- 25.04.2024 / 23.07
- Фонд Кадырова оказал помощь малоимущим семьям региона
- 25.04.2024 / 22.31
- В Грозном прошло торжественное собрание, посвященное Дню чеченского языка
- 25.04.2024 / 21.58
- В Чечне будут бороться с незаконными радиоэлектронными средствами
- 25.04.2024 / 18.21
- Сотрудники МЧС Чечни проходят боевую подготовку
- 25.04.2024 / 17.15
- Представители общественности призвали молодежь строить свою жизнь так, чтобы она стала интереснее виртуальной