Пт, 26 апреля, 00:11 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар

Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар

22.04.2016 21:55

Хьоме махкахой! Депутатийн корпусан а, сайн а цIарах Нохчийн меттан денца даггара декъалво Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, республикин берриге бахархой а. Нохчийн меттан Дезде къастийна ду 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Рамзанан Указца. Оцу хьекъалечу сацамца цо вайн мотт лараман а, сийлаллин а лаккхарчу тIегIане баьккхина.

Нохчийн мотт – иза вайн дахаран дакъа а, вайн башхалла а, кхетаман а, леларан а амат ду. Кхетош-кхиоран мехала гIирс а, къоман син-оьздангаллин билгало а ю иза. Ненан мотт Iалашбар а, тIекхуьучу чкъурашка иза къоман синан тIаьхьало санна дIакхачор а – иза вайн деза декхар ду. Тахана и гIуллакх республикин куьйгаллин тергонехь ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан дIадолорца хIиттийна ненан мотт Iалашбаран а, кхиоран а леррина йолу программаш. Иза бахьанехь жигарбаьлла нохчийн меттан хьокъехь болу талламан болх а, школашкахь а, лаккхарчу дешаран учрежденешкахь лакхадаьлла нохчийн мотт а, литература а хьехаран тIегIа.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) ненан маттаца доьзна мел долчу хIуманан доккха маьIна дора. Цо гуттар а тергонехь латтабора нохчийн мотт кхиоран а, баржоран а хьокъехь къахьоьгуш болу Iилманчаш, литераторш, журналисташ. Билгалдаккха догIу, и болх тахана а лакхарчу тIегIанехь дIахьош хилар.

Хьоме доттагIий! Вай нохчийн мотт ларбан а, Iалашбан а, кхио а, вешан историна муьтIахь хила а, цуьнан баххийн ларам бан а декхарийлахь ду. Везачу Дала гIо дойла вайна цу тIехь. Дала тIаьхье беркате йойла вайн!

Ларамца,

Нохчийн Республикин Парламентан Председатель

Даудов Мохьмад

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |