Вт, 16 декабря, 07:03 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » Мешиэхара историн а, архитектурин а комплекс меттахӀоттийна йаьлла

Мешиэхара историн а, архитектурин а комплекс меттахӀоттийна йаьлла

Лаьмнийн Итон-Кхаьллан кӀоштахь, Гуьржийчоьнан дозанна гена йоццуш Ӏуьллучу Мешиэхахь меттахӀоттийна историн а, архитектурин а комплекс.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис.

Цо дийцарехь, и башха комплекс XIV-XVIII бӀешерийн муьрера ларалуш а йолуш, шена йукъайогӀуш тӀеман бӀов а, гӀала а йолуш йу.

Цул сов, «маьлхан кешнаш» а ду цигахь.

И комплекс а, кешнаш а вовшашца хоттарца а догӀуш, царна йуккъехула охьадогӀучу хина тӀехула тӀулгех долу тӀай тиллина.

Министра дийцарехь, и тайпа комплексаш нохчийн халкъан культурин тӀаьхьалуонна йукъайогӀуш йу, уьш Ӏалашйар йукъара декхар а долуш.