Пн, 29 июня, 23:48 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » Соьлжа-гlалин № 5 йолчу гимназин дешархочо толам баьккхина республикин къовсамехь

Соьлжа-гlалин № 5 йолчу гимназин дешархочо толам баьккхина республикин къовсамехь

Нохчийн халкъан йаздархочун, литературоведан Минкаилов Эльбрусан 70 шо кхачарна лерина литературин-исбаьхьаллин «Орга» журнало дIакхайкхийначу «Ас ненан маттахь Даймохк боьшу» це йолчу конкурсан жамIаш дира Айдамиров Абузаран цlарахчу Нохчийн къоман библиотекехь.

Къовсаме бахкийтина 8-11-чуй классашкарчу дешархойн белхаш бара. Царах тоьлларш билгалбаьхна леррина кхоьллинчу жюрис.

Къовсаман жамӀашца 1-ра меттиг Соьлжа-ГӀалин № 5 йолчу гимназин 10-чу классан дешархочо Элембаева Амирас йаьккхина.

Толамхошна совгIаташ а луш, дIайирзира мероприяти.