Пт, 26 апреля, 10:09 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » 24 предметехула дlахьош ю Ерригроссин олимпиада

24 предметехула дlахьош ю Ерригроссин олимпиада

02.02.2021 16:25

Йалх миллион сов дешархочо дакъалоцу х1ора шарахь д1ахьош йолчу Ерригроссин дешархойн олимпиадехь.

Нохчийн республикехь йукъардешаран хьукматийн дешархоша билгалйинчу 24 предметал совнаха дакъалоцу нохчийн меттан а, литературин а олимпиадехь. Къийсадаларшкахь 4 мур бу: ишколан, муниципальни, регионан, т1аьххьара-дерзоран. Ишколан муьрехь дакъалаца аьтто бу 5-чу классера дуьйна муьлххачу а дешархочун.

Тахана т1етоьхна дешар кхиоран региональни центрехь дешархоша зуьйш ду шайн хаарш нохчийн меттан предметехь. Кхузахь дакъалоцуш бу муниципальни къовсаман муьрехь толаман меттигаш йаьхнарш.

Билгалдаккха деза, нохчийн меттан х1орашеран олимпиада вовшахтохаран, д1айахьаран жоьпалла кхушарахь Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан министра Байсултанов Идриса Нохчийн меттан институтана т1едиллина хилар.

Олимпиада д1айолош, дешархошка а, церан 1уналла деш баьхкинчу хьехархошка а, дай-наношка а маршалла хоттуш вистхиллачу Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира нохчийн меттан хаарш зуьйш д1ахьочу олимпиадехь дакъалацар йоккха сийлалла хилар.

Олимпиадехь дакъалоцуш 9-чу классан 20, 10-чу классан-18, 11-чу классан 16 дешархо ву. 9-классан дакъалацархойн 12 т1едиллар кхочушдан а, сочинени йазйан а деза. 10-11-чуй классийн дакъалацархойн 14 т1едиллар кхочушдан деза, иштта сочинени йазйан а деза.

Нохчийн меттан олимпидин т1едахкарш а, программа а х1оттийнарш Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахой, «Ас дIалур йу ПКЭ!» (пачхьалкхан коьрта экзамен) методикин гӀо-Ӏаматан авторш, Нохчийн Республикин халкъан хьехархой Дудаев Султан а, Абдуразаков Шертбек а, Россин Федерацин дешаран сийлахь белхахой Тутаева Сацита а, Хунарикова ПетӀамат а йу.

Шайн дахар нохчийн маттаца дуоза лаам болчу Олимпиадин толамхойн, Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетехь а, Нохчийн Пачхьалкхан университетехь а йолчу филологин факультетан деша баха бакъо хир йу церан.

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан сацамца, олимпиадин толамхой билгалбахар а, царна совгӀаташ дар а, Нохчийн меттан денна леринчу республикин даздаршкахь дIахьур ду.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |