Вс, 28 февраля, 18:14 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Шамсудинов Бувайсар: «Даймохк» газетан кхиам, вайн мехкан Куьйгалхочун кхиам бу

Шамсудинов Бувайсар: «Даймохк» газетан кхиам, вайн мехкан Куьйгалхочун кхиам бу

17.02.2021 15:55

Мотт, меттан йоза хIора а стеган, хIора а халкъан селхане, тахане, кхане вовшахтосуш йолу зIе хиларал а сов, и халкъ долуш хиларан, дехаш хиларан коьрта тоьшалла ду. Пачхьалкхан конституци, гимн, байракх хуьлу и пачхьалкх хиларан коьрта тоьшалла, ткъа халкъан коьрта тоьшалла цу халкъан мотт, меттан йоза ду.

Республикин регионан - юкъараллин "Даймохк" газетан коьртачу редакторца Шамсудинов Бувайсарца къамел хилира Хаамийн "Грозный-информ"агентствон корреспондентан Ахматукаева Зулиханан. Цара дийцира нохчийн маттаца дlахьочу балха тlехь нислучу дуьхьалонех а, уьш дlаяхарехь беш болчу балхах а лаьцна.

– Муьлха халонаш ю вайн меттан хIокху заманахь?

Меттан цхьа а халонаш яц. Тахана санна мотт Iамон а, меттан йоза Iамон а маьрша хан, хьал, аьтто вайн цкъа а хилла а бац. Дала гIазот къобалдойла цуьнан, , Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дуьненара дIадаларан кхерам тIехIоьттинчуьра вайн нохчийн халкъ хьалхадаьккхира, вайн халкъ кху лаьтта тIехь шен мотт а, меттан йоза а долуш даха хьакъ хилар, дехарг хилар, дуьненарчу цхьана а халкъал оьшуш доцуш, мелхо а, уггар а тоьллачу халкъах цхьаъ хилар дуьненна дIагайтира. Ткъа тахана вайн халкъана массо а хIума тодина, нисдина кху дерриге а дуьненахь а цхьана а халкъан доцчу тайпана охьадилларал а сов, вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана хIора денна схьакхийдош ду. Нохчийн меттан де дIакхайкхийна, меттан хьокъехь долу закон арадаьлла… Ткъа цу законна тIе а тийжаш, цуо хьо новкъарлонех ларвеш хилар тидаме а эцна, мотт кхиор вайн хIора а вахархочунна тIехь ду.

– Вайн къоман дахарехь хIун меттиг дIалоцу «Даймохк» газето? 1923-чу шарахь дуьйна нохчийн маттахь арадолуш долчу газето боккха некъ ма бина.

Бакъ а долуш, вайн къоман «Даймохк» газетан кху вайн халкъан хилла болу кхоллам хилла. Халкъана халонаш йолуш, хало а лайна, халкъ махках даьккхина генарчу Казахстанан аренашка дIадигча, цига цу халкъаца дIа а дахана, юха цуьнца цхьана цIа а дирзина. Кху газетан, массо хенахь а, тахана а цхьа некъ бу – къоман мотт, къоман меттан йоза лардар, иза дахийтар, кханене дIакховдор. Цуьнца цхьаьна вайн истори, гIиллакхаш, вайн халкъан хьуьнарш, догдикалла, оьздангалла… вайн тIекхуьучу кханенна масал эца вайх дисина мел долу диканиг, цхьа а хIума диц ца деш, яз а дина, охьадилла аьтто хиларал доккха хIума цхьа а ца го суна.

2023-чу шарахь газетан 100 шо кхочур ду. Беха некъ бу иза ойла йича. Цхьа оьмар ю. Цхьа мур, цхьа доккха дахар! Иштта, «Даймохк» газето беш берг а бу къоман мотт, меттан йоза кхиорехь инзаре боккха болх. Хетарехь, тахана вайн республикехь нохчийн маттахь долчу йозанца уггаре а дукха болх беш дерг «Даймохк» газет ду.

– Кху тIаьхьарчу хенахь вайн Iедало нохчийн меттан ларам бар алсамдаккхарна тIехьажийна болх дIаболорехь шун болх алсамбаьллий, я хьалха санна болх беш ду шу?

Болх алсамбаьлла, денна тIекхеташ бу. Къаьсттина газет кехата тIехь арадаларал сов, интернетан сайташкахь а даржор вайн маттана чIогIа пайдехь хилар бахьана долуш, тIекхетта болх. Кехата тIехь арадаьлла газет гена дIа ца кхочу, сиха а ца кхочу, ткъа интернетехь арадаларо дуьне мел ду бехаш болчу вайн нахана шайна а, шайн берашна а нохчийн мотт биц ца балийта а, ца хуучунна вайн маттахь еша-яздан а доккха накъосталла до. Иштта, газет а, газето беш болу болх а дуьне мел ду оьшуш хилча, нохчийн маттахь яздеш болчу журналисташна шайна хуьлуш йолу хало башха ган а ца го. Мелхо а, хIора а воккхаве ша деш долу гIуллакх оьшуш а, сийлахь а гIуллакх хиларх.

– Мотт а, меттан йоза а вайн халкъана юкъахь даржорехь «Даймохк» газет коьрта геланча хиларе терра, вайн къоначаьрга хIун эр дара ахь?

Дела реза хуьлда царна, вайн къонанаш «Даймохк» газетан цхьа а хьаша вац, уьш дика дешархой а, дика накъостий а бу нохчийн маттахь арадолучу газетан. Къаьсттина баркалла ала догIу вайн студенташна, «Даймохк» газетан цхьана а дIадолорна цкъа а юьстах ца лаьтта уьш. Иштта, суна даггара баркалла ала лаьа школашкарчу вайн «Къоначу Кадыровцашна», уьш а бу интернета чохь вайн газетехь ара мел долу дош, бала кхачарца, дешарал сов, газетан дахарехь къаьсттина жигара дакъалоцуш. Газет вайн халкъан ду, ткъа хIора а нохчи вайн халкъан векал ву кху махкал арахьа, цундела, вайн хIора а къонаниг мелла а шера, дика шен ненан мотт Iамон а, ненан маттахь яздан, деша Iамон а декхар а ву. Иза вайн къоначарна хаа а хаьа.

– Нохчийн мотт вайн юкъараллех кхин а алсам баржорна тIехь кхин хIун дан деза аьлла хета хьуна, хала хIума дуй иза?

Муьлхха халкъ а, халкъан кхоллам а, мотт а, оцу меттан йоза а кху дахаран цхьа некъ бу. Некъа тIехула нах лелаш ца хилча, дуьххьара иза тишло, юха тIе яраш йовлу, юха дитташ… тIаккха дIаболу. Иштта ца хилийта, мотт а, меттан йоза а денна лелош хила деза. Иза лелош хилча цу меттан орам чIагIлур бу, юха иштта чIогIа орам болу халкъ а, юкъаралла а дуьнене хьежар сема долуш, синкхетам лекха болуш хир ду. Иштта хила вайн халкъан аьтто а бу, истори а, бух а бу. Дала мукъ лахь, иза иштта хир а ду.

© Рамзан Мусаев / ИА "Грозный-информ"

– ТIаьхьарчу хенахь «Даймохк» газетан уггаре а баккхий кхиамаш муьлханаш хета хьуна?

Тахана кху дерриге а дуьненахь 80 процент зорбанехь арадовлучу газетийн белхаш севцца, уьш дIадевлла, 21-гIа оьмар ерриге а интернета чу йирзина. Цу моханна дуьхьал латта ницкъ кхачар, иза уггар а боккха кхиам бу. Вайн меттан, меттан йозанан ондда бух хилар, вайн къоман синкхетам лакхара хилар, вайн Iедалан, мехкан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан вайн нохчийн маттахь ойла еш хилар ду иза. Дела реза хуьлда цунна а, тахана газетан тIегIа дуккха а лакха доккхуш оха беш болчу балхана шен ницкъ кхочу а, ца кхочу а накъосталла деш схьавогIучу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIoьнча, Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министрана Дудаев Ахьмадна а. «Даймохк» газетан массо а кхиам вайн мехкан Куьйгалхочун кхиам бу, кху вайн Нохчийчохь Ахьмад-Хьаьжин Рамзана деш долу гIуллакхаш ду. Ткъа и гIуллакхаш вайн ненан маттахь дIаяздар, вайн юкъараллина довзийтар, кханенна масаллина охьадиллар вайн сийлахь декхар а ду. Интернет электросерло дIаяьлча дIайолу, ткъа зорба а тоьхна, охьадиллинарг гуттаренна а дуьсу. Дала мукъ лахь, и гIуллакх дар, вайн мотт, меттан йоза, вайн къоман истори, гIиллакхаш вайн адамашна довзийтар а, кханенна охьадахкар, вайн юкъараллина, вайн мехкан Куьйгалхочо ма-аллара, нохчийн маттахь ойла ян Iамор вайх хIораннан а декхар ду. Цу тIехь къахьега тахана «Даймохк» газетан ницкъ а, синкхетам а говзалла а ю, аьтто а бу.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |