Вт, 19 марта, 11:55 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » «Кезеной-Ам» а, «Ведучи» а курортийн буха тӀехь Куршевелан аналог кхуллур ю

«Кезеной-Ам» а, «Ведучи» а курортийн буха тӀехь Куршевелан аналог кхуллур ю

29.07.2021 10:18

Герггарчу муьрехь, туризм кхиоран Ӏалашонца а догӀуш, туризман «Кезеной-Ам» кластеран буха тӀехь курорт кхолла а, шатайпанчу экономикин «Ведучи» майданца иза хӀотта а лерина.

фото с сайта: ncrc.ru

И бахьана долуш, чоьхьарчу туризмана муьлххачу а муьрера коьрта агӀо хир ю республиках.

Туризман министра М.Байтазиевс билгалдаккхарехь, хӀинцале а Нохчийчохь садаӀарна муьлхха а кеп карайо туристашна, цундела, хӀора а шарахь, церан терахь а алсамдолу.

Республикин туризман тӀаьхьалонна лерина йоккха конференци дӀаяхьа лерина Нохчийчохь — Къоьзан-Ӏома тӀехь хир йолу иза товбецан (сентябрь) 27-30-чуй деношкахь лаьттар ю.

«Слетать.Ру» компанийн тобанан гӀоьнца дӀахьур йолчу оцу конференцехь Нохчийчоьнан туризман тӀаьхьало Россерчу турагентствошна йовзийтар а, В2В-н кепара белхан дакъа дӀадахьар а хир ду.

Туристашна шира истори а, Ӏалам а, лаккхарчу тӀегӀанехь хьошалла лелош долу халкъ а довзийтарна оьшург турагенташ Ӏамор ду.

Цундела, лакхахь хьахийначу конференцехь, коьртачу декъана, НР-н туризман министерствоца а, отельерашца а, туроператоршца а турагентийн зӀенаш дӀатасарна тӀе тидам хьажор бу.

Цуьнан хьалхара дакъа экскурсин а, самукъадаккхаран а программах лаьтташ хир ду, ткъа шолгӀаниг — мастер-классех а, воркшопах а, гайтамех а, и.д.кх.а.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |