Сб, 20 апреля, 03:51 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Юкъараллин меттехь эккхаш йолу хIума карийначу хьолехь дан дезачун къепе

Юкъараллин меттехь эккхаш йолу хIума карийначу хьолехь дан дезачун къепе

27.08.2021 09:34

Юкъараллехь кхерамазалла хилийтаран Iалашонца Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин совето дагадоуьйту лелхаш йолу хIуманаш, лелхаш болу гIирсаш, шеко йолу хIуманаш хааелла хьал хилча муха, хIун дан деза.

Полицис цхьамогIа иэсалгаш (памятка) кечйина гражданийн кхерамазаллин тIегIа лакхадаккхарна, Iаморна.

Царах цхьаъ лерина ю шеко йолчу хIуманашна я лелхаш йолчу хIуманашна дан дезачунна. Иза дагахь латто деза, хIунда аьлча, дезачу деношкахь юкъараллин меттигашкахь даима а дукха адамаш хуьлу.

Делахь-хIета, Iаламат чIогIа мехала ду цIеххьана хIоьттинчу чолхечу хьолехь дан дезачунна хIора а кийчахилар.

Лелхаш йолу хIуманаш я лелхаш йолчу хIуманех тера йолу шеконе хIуманаш (дипломаташ, тIоьрмигаш, беттанаш, ларчаш) карийча, эккхийтар цахилийтаран Iалашонца хIара бакъенаш йовза а, ларъян а еза:

– доьхкуш ду шеко йолчу хIуманах куьг Iоттар, дIасаяккхар, цунна тIе (латта, гIум) я кхин хIума тасар;

– доьхкуш ду ишттачу хIуманна юххехь электро-радиоаппаратурех пайдаэцар;

– доьхкуш ду лелхаш йолчу хIуманашна йовхонан, аьзнийн, механикин; электромагнитан тIеIаткъам бар.

Шеко йолу цхьа хIума карийча маггане а мегар дац эккхарна кхераме йолу кхин хIуманаш лехар.

Шеко йолу хIуманаш хааелча (карийча) хIара тайпа гIуллакхаш дан деза:

1) Нагахь санна карийна йолу хIума, шуна хетарехь, «оцу меттехь а, оцу хенахь а» цигахь хила езаш яцахь, и хIума тидамза ма дита.

2) Нагахь санна шуна юкъараллин транспорта чохь йицйина я да воцу хIума хааеллехь, шайна юххехь волчуьнга хатта цунах дерг. Иза хьенан ю, хьан йитина хила тарло хьажа гIорта.

3) Нагахь санна шеко йолу хIума шайн цIийнан неIарехь карийнехь, адамашка хатта, иза церан хила тарло.

4) Нагахь санна и йолуш верг ца хилахь, сихонца оцу карийначу хIуманан хьокъехь хаам бе уггаре а гергахь йолчу полицин подразделенига.

5) Нагахь санна шеко йолу хIума учрежденехь карийнехь, сихонца карийначу хIуманан хьокъехь хаам бе администрацига.

Дагардинчу дерриге а хьелашкахь:

– карийначу хIуманах куьг ма тоха, иза схьа ма яста, дIаса ма хилае;

– хIума карийна хан дагахь латтае;

– кхерамечу хIуманна адамаш мелла а гена даха хьовса;

– полици тIекхаччалц собардар тIехь ду;

– диц ма де хьуо уггаре а мехала теш хилар.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |