Ср, 29 июня, 21:32 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Салаватан ницкъ

Салаватан ницкъ

21.06.2022 15:44

Цхьана жуьгтичо, ша генарчу махка ваха араволуш ву аьлла, шен луларчу бусалба стаге лардан деза мухIар делла хилла. Лулахочо, схьаэцна, жуьгтичунна хьалхха, цу шинна бен ца хуучу меттиге дIадиллина и мухIар.

Фото с сайта: islam-today.ru

Цхьажимма хан а ялийтина, къайлаха чу а веана, лулахочо дIадиллинчуьра схьа а эцна, и шен мухIар дIадаьхьна жуьгтичо. Генна хIорда чу кхоьссина цо и мухӀар.

Иза иштта къайла а даьккхина, бусалба нахах теша мегар дац, уьш къуй а, ямарт нах а бу ала лууш хилла цунна.

Цхьа хан яьлча, цIавеана, мухIар Iалашдарна баркалла а олуш, иза дIадахьа лулахо волчу веана жуьгти.

Бусалба стага аьлла: «Дерриге а Мухьаммад Пайхамарна (I.с.в.с.) Салават а дуьллуш дан деза».

Салават а диллина: «МухIар цхьанхьа а ца дахана, цкъа хIума юур ю вай», – аьлла, жуьгти шен шуьне кхайкхина цо.

Цу дийнахь чIерий леца ваханчу бусалба стага боккха чIара лаьцна хилла.

Жуьгти кхаьрга вогIучу хенахь, цуьнан зуда цу чIерах яахIума еш хилла. Шен майрачуьнга дIа а кхайкхина, цу чIеран кийрара ша схьадаьккхина мухIар дIагайтина зудчо. Лулахочо-жуьгтичо шега лардан делла мухIар а девзина, чIогIа цецваьлла хилла бусалба стаг.

Цу балхана тIаьхьа цакхиарна, гIеххьа воьхна а волуш, жуьгти волчу чоьхьа ваьлла иза.

ХIара юьхьа тIера хийцавелла а гина, жуьгтичо аьлла: – Кху сохьта ас хьайга делла мухIар охьадиллал!

Цо шега сел юьхь йоцуш шийла аларна, новкъа а деана, делахь а, собарх ца вухуш, лулахочо жоп делла: – Дерриге а Мухьаммад Пайхамарна (I.с.в.с.) салават а дуьллуш дан деза.

Салават а диллина, жуьгтичуьнга цуьнан мухIар дIа а кховдош, цо аьлла: – Со цец мухIар дарах ца ваьлла, суна тамашийна хеттарг иза карадар ду.

Жуьгти, цецваларна, Iадийна хилла, лулахочо шега мухIар схьаделча. Цо дехар дина шен лулахочуьнга: – Хьайн Сийлахьчу а, Везачу а Делан дуьхьа дийца суна, мичахь карийна хьуна сан мухIар?

Бусалба стага аьлла: – Ас тахана Iуьйранна лаьцначу чIеран кийрахь сан зудчунна карийна иза.

Оцу балхах цецваьлла а, воьхна а волчу жуьгтичо чIогIа дехар дина бусалба стаге: – Суна бусалба хила лаьа, хIун дан деза ас иза хилархьама? Суна гуш ду мел нийса а, комаьрша а ву АллахI-Дела!

Бусалба стага шахIадат даладайтира цуьнга, иштта, Ислам-дин тIеийцира оцу жуьгтичо.

Источник: газета Даймохк

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |