Мир
Фонд Кадырова оказывает масштабную помощь мусульманским странам
USD 79,3398 EUR 92,9384
Мир
Фонд Кадырова оказывает масштабную помощь мусульманским странам
Россия
Школьникам и взрослым рекомендуется съедать не больше двух–трех мандаринов в день
СКФО
В Сбере рассказали жителям Северного Кавказа, как подготовиться к выходу на пенсию
Блоги
Финляндия собирается лишить украинских беженцев всех выплат ради экономии
Главная » НОВОСТИ » Власть и политика » Лараме бусалба вежарий, йижарий!
26.11.2009 16:56
Везачу Дала и денош дохкуьйту вайна вай вовшашца къинхетаме, вовшех дог лозуш хила дезаш хилар дагадаийта.
Ваьшна гуонах хьаьвсича вайна го гІелонехь, халонехь бохкуш болу дуккха а нах. Декхар хилла тІедоьжна вайна дине, къоме ца хьоьжуш гІийлачу нахана гІо дар.
Вайн Президента Кадыров Рамзана ца кІордош, Делан дуьхьа доггаха беш болчу балхо сийлахьчу АллахІан лаамца баккхий хийцамаш хиларе кхачийна вайн махкахь. Вайна цкъа а дагахь хилла йоцу вайн аэропортана дуьненаюкъара статус ялар бахьана долуш, Нохчийчуьрчу хьажойн таро хили вайн махкара Макка баха. Цуьнан мах хадалур бац кхул хьалха Макка баха гІерташ къахьегначу хьажошка бен. Президентан гІоьнца кху шарахь ХьаьжцІа бахана таро йоцуш болу дуккха а нах.
Боккхачу тидамца гІо а, дола а до Президента заьІапхойн. ХІора денна деш гІо ду мискачу нахана. Чубаха меттиг йоцуш бисинчарна денна дІалуш квартираш ю, ярташкахь гІийла бехаш болчу нахана деш керла цІенош ду. Чаккхе йоцуш дукха ду цо деш долу Дела реза хинволу гІуллакхаш. Дала диканца бекхам бойла цунна.
Вайн пачхьалкхехь массо а бусалба нехан и де даздан таро хиларо хадабо Россин Іедало беш болчу белхан хьакъ боллу мах. Муьлххачу къоман а бакъо ю тахана шен дин лело, шен къоман гІиллакхийн, оьздангаллин буха тІе юхадерза. Оцу кепара дІахьош болчу балхо чІагІбо къаьмнашна юккъера барт, вовшех кхетар, тешар, вовшийн ларар.
Со тешна ву и деза денош бахьана долуш вайн махкахь вехаш волчу хІора бусалба стеган дог-ойла тоелла а хирг хиларх.
Хьоме махкахой, бусалба вежарий, йижарий!
Везачу Дала къобалдойла шун гІурбанаш. КхидІа йогІучу хенахь цу баттахь ХьаьжцІа даха а, гІурбан денош даздан а таро, могашалла, хьуьнар лойла шуна Везачу Дала!
Веза а, Сийлахь а волчу АллахІа х1окху гІурбан деношкахь йина Іамалш бахьана долуш ша реза винчех дойла вай.
Д.АБДУРАХМАНОВ,
Нохчийн Республикан Парламентан Председатель.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться: