Мир
Амурский тигр загрыз 23-летнего моряка в тайге - хищника ищут
USD 77,1944 EUR 91,5575
Мир
Амурский тигр загрыз 23-летнего моряка в тайге - хищника ищут
Россия
В России массажистка устала до смерти после тяжелого рабочего дня
СКФО
На Северном Кавказе более 51 тысячи детей сделали первые финансовые шаги в 2025 году
Блоги
В Госдуме отреагировали на рождественское обращение Зеленского с пожеланием смерти
Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Соьлжа-ГӀалахь арахецна Нохчийн литературин классикийн кхоллараллин гуларш
25.01.2021 19:35
Нохчийн литературин классикийн кхоллараллин гуларш йовзийтира А.Айдамировн цIарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь.
Уьш ю Арсанукаев Шайхин, Ахматова Раисин, Гадаев Мохьмад-Салахьан, Гайсултанов lумаран, Гацаев Саьlидан, Исаева Мареман, Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев lаьрбин, Ошаев Халидан, Рашидов Шаидан, Сатуев Хьусайнан, Сулаев Мохьмадан, Хамидов lабдулхьамидан кхоллараллин гуларш.
«Таханлерчу дийнахь доккха хlума ду хlара тайпана белхаш арабовлар. Берашна а, баккхийчарна боккха кхаъ бу, тахана, иштта нохчийн литературин классика еша тlекхочехь хилар. Иза вай къоман бух бу. Нохчийн мотт вайна юккъехь кхиар – вай вешан литература кхиор, ларар ду», - элира Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас.
Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президента Дадашев Райкома билгалдаьккхира шаьш и гуларшна тlехь доккха къахьегна хилар.
«Хала болх хилла а ца lаш, чlогlа жоьпалле болх бара иза. Вайн къомана оьшуш хиларе хьаьжча, тхаьш бинарг боккха болх бу аьлла хета тхуна, цунах оха доккха дозалла а до. Тlекхуьучу чкъурана оьшур бу вай тахана беш болу болх. Ткъа хlинца а цуьнах пайдаэца меттиг ю вайна массарна а».
Мероприятехь бийцинчу яздархойн, авторийн гергарчу наха, шайн дайша, наноша бинчу белхех лаьцна дийцира гулбеллачарна. Царах дукхахболчара шай дахарехь дукха а халонаш, иэшамаш лайна, амма оцу халонаша, цкъа а бохийна, гора м ца хlиттийна уьш. Шайн махкана а, халкъана пайдехь хилла уьш даима а.
Зулихан Ахматукаева
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться: