Мир
Конгресс США заявил о лабораторном происхождении коронавируса
Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Iамаркахо нохчийн мотт Iамо лууш ву
Iамаркахо нохчийн мотт Iамо лууш ву
27.07.2023 10:20
Себастьян Беникорт Францехь йолчу нохчийн диаспорна дика вевза. Нохчийн дечиг-пондар лакхарца гIараваьлла иза. Дуьххьара цо дечиг-пондарна тIехь лекхна мукъам цо шен Инстаграм* агIонна тIе баьккхинчул тIаьхьа, Себастьянца Зум чухула йистхилар хилира сан.
– Де дика хуьлда хьан, Себастьян!
– Далла йезийла хьо!
– Себастьян, хьан Инстаграм* агIонна тIе ши эзар сов стаг йазвелла. Дийцахьа, нохчашна йукъахь гIара муха ваьлла хьо?
– (Воьлу) Со Хонкарахь дукха Iийна. Цигахь суна церан къоман пондар бевзина. Ас туркойн пондар лакха болийра, сайна церан культура дукха хазахетар бахьана долуш. И пондар локхуш, дечиг-пондаран тайпанаш лаха волавелира со. Иштта тIенисвелира со нохчийн дечиг-пондар бечу накъостана. Цо суна, бан а бина, Нохчийчуьра дечиг-пондар схьабаийтира.
– Дуьххьара ахь Инстаграм* чохь баржийна мукъам муьлхарниг бара?
– Иза йара ас дуьххьара видео йаьккхина, дагахь доцуш чукхоьссина пост. Дукха сиха нахалайелира иза. Безамах лаьцна йиш йара и.
– Дешарца боьзна буй хьан мукъаме болу безам?
– Бац. Сан дешар философица доьзна ду. Иллешца, эшаршца девзина суна нохчийн къоман са. Бакъдерг аьлча, йуьхьанца нохчийн цатешам бара соьга, со агент ву моьттуш. Со агент велхьара, нахала а ца вуьйлуш, сайн болх беш хир вара, ткъа со нохчийн мукъамаш локхуш гIараваьлла. Кхузахь Iаш болчу нохчаша чIогIа сагатдо шайн Даймахкана. Ас дечиг-пондар локхуш хезча, царна шайн мохк дагабогIу. Суна цара массара а баркалла а олу, соьца гергарло лело лууш а хуьлу уьш.
– Себастьян, хьуна дуьххьара вевзина нохчи мила вара?
– Сан дуьххьарлера доттагI Сусуев Ахьмад ву. Ас цуьнца гергарло тесира. Суна сайн дахарехь дуьххьара гина нохчи Ахьмадан офисан хехо вара. Со церан офисе чоьхьаволуш дуьхьал кхийтира суна хехо. Цул тIаьхьа со цига кест-кеста эха волавелира. Integration Education Synergy (IES) — пачхьалкхе схьабаьхкинчу нохчашна гIо деш меттиг йу и.
– Муьлха мотт буьйцу ахь?
– Ас масийтта мотт буьйцу. Масала, ингалсан, французийн, туркойн. Нохчийн мотт Iамо башха материалаш ца карайо, амма, кестта иза а арахоьцур йу chechen_courses аьлла йолчу тобано. Оцу курсана тIевазвала дагахь ву со. Книгаш йу сан чохь, масала, Хамидова Зулайс хIоттийна берийн книга. Суна оьрсийн мотт а ца хаьа, амма, суна иза Iамо лаьа. Нохчийн мотт Iамон таро хир йу со санна болчарна. Жима тоба йу Iамаркахь Iаш, церан шайн болх бу дIабоьдуш — кху шеран хIутосург баттахь нохчийн курс арахеца дагахь бу уьш. И курс ингалсан а, французийн а меттанашкахь хир йу.
– Хьуна нохчийн маттахь цхьа а дош хаьий?
– Хаьа. «Маршалла ду шуьга, марша вогIийла, марша гIойла». И дешнаш Iемира суна уггаре а хьалха. ТIаккха, цхьацца талламаш беш, суна хиира «Маршо» бохург нохчашна коьрта хилар. Таханлерчу хенахь нахана моьтту Европа уггаре а хаза йу, ткъа суна кегийн къаьмнаш а, церан истори, культура, доцца аьлча, церан дахарца доьзна дерг дерриге а хазахета.
Себастьяна шегахь йолу нохчийн книгаш гайтира суна. Царна йукъахь Вагапов Iаьрбин болх а гира суна. Баиев СаьIида йазйина «Grief of my heart» («Сан деган лазам») а гайтира цо.
Тхан дистхилар чекхделира вовшийн Iодика йарца.
* Экстремизман а лерина, РФ-хь магийна йоцчу Meta компанин долахь йу
Х.ГАРЧАХАНОВА
Источник: газета "ДАЙМОХК"
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться:Также в разделе «НОХЧИЙН МОТТ»:
- 21.08.2023 / 09.34
- ДӀайаьхьна «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, нохчийн мотт а» аьлла йолу горга стол
- 09.08.2023 / 14.41
- «Нохчийн меттан говзанча» къовсаман II-чу муьрах 10 стаг чекхваьлла
- 27.07.2023 / 10.20
- Iамаркахо нохчийн мотт Iамо лууш ву
- 01.07.2023 / 18.32
- Мешиэхара историн а, архитектурин а комплекс меттахӀоттийна йаьлла
- 27.06.2023 / 10.16
- Мешиэхара историн а, архитектурин а комплекс меттахӀоттийна йаьлла