Мир
Фонд Кадырова оказывает масштабную помощь мусульманским странам
USD 79,3398 EUR 92,9384
Мир
Фонд Кадырова оказывает масштабную помощь мусульманским странам
Россия
Школьникам и взрослым рекомендуется съедать не больше двух–трех мандаринов в день
СКФО
В Сбере рассказали жителям Северного Кавказа, как подготовиться к выходу на пенсию
Блоги
Финляндия собирается лишить украинских беженцев всех выплат ради экономии
Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Дадаев Сайд-Хьасан: Шуьйрачу хаамийн гlирсашкахь нохчийн меттан орфографин бакъонаш ларъяр чlогlа ладаме гlуллакх ду (+видео)
25.05.2021 12:15
Шуьйрачу хаамийн гlирсашкахь нохчийн меттан бакъонаш ларъярехь терго латторан комиссино 2020-2021-чуй шерашкахь дlабаьхьначу балхах лаьцна Хаамийн "Грозный-информ" агентствон корреспондентана дийцира оцу комиссин куьгалхочо Дадаев Сайд-Хьасана.
"Тхан комисси болх беш йолу 6 шо ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан указаца кхоьллина а ю иза. Цу юкъахь болх беш lилманан тоьлла белхахой, а, журналисташ а бу. Цара хlора дийнахь нисдеш ду телевиденин а, радион а, зорбанан а, интернетан а изданешкахь дохуш долу гlалаташ.Царах цхьадерш оьрсийн маттера нохчийн матте тексташ гочъярехь доху корреспондентaша, нохчийн дешан метта оьрсийн дешнаш яздар бахьана долуш. Ненан маттахь иштта дош хезна цахиларна хила там а бу иза.
Хlора баттахь тхаьш бинчу белхан отчёт йо оха. Оцу кепара довлучу гlалаташна тlе тидам а бохуьйтуш, уьш билгалдахар бахьана долуш, дикачу жамlашка кхача там бу вай.
Цул сов, Нохчийн меттан орфографин нийсаяздаран дошам арайоккхуш боккха болх а бина оха. Иза 10 томах лаьтташ ю.
Вайна юкъара цхьаболчара диалекташ лелайо. Шаьш къамел ма-дарра дlа а язйо. Уьш къезиг а бац, амма, массара а вай литературин маттахь яздан деза йоза".
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.
Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter
Поделиться: