Вт, 06 декабря, 04:42 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Сатийсаме гIулчаш

Сатийсаме гIулчаш

02.09.2022 20:21

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша нохчий а, гIалгIай а махках баьхна хиллехь а, цхьана мIаьргонна а, дай баьхначу лаьтте сатийсар дIатесна дац вайн дайша, наноша.

1945-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Сталине, Кремле кехат яздо вайн махкахочо Мальсагов Зиявдис, 1944-чу шеран чиллин беттан 27-чу дийнахь шена Хьайбахахь гиначу къематах дерг дуьйцуш, бехк-гунахь долуш нохчий махках баьхна цахилар дIахоуьйтуш. Амма терго йоцуш дуьту цуьнан кехат.

Сталин кхелхича а, Берия Лаврентий шен даржах вохийча а, кхин цкъа а, 1953-чу шеран мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь, кехат яздо З.Мальсаговс СССР-н Министрийн Советан Председателе Маленков Георгийга.

Цу тайпа кехаташ хаддаза кхехьийта вайн махкахоша Кремлерчу берриге а бохург санна хьаькамашка. КIезиг ца кхехьийтина Сталин Иосифе а. Амма, иттех шарахь, и кехаташ тергалдеш ца хилла Iедалан дайша. Мел халахеташ делахь а, Кремль кийча ца хилла цу хенахь а Советийн Iедалан дажалша къинхетамза махках даьхна халкъаш шайн цIадерзо.

Кремлерчу хьаькамийн бендацаро шайн дегнаш эшошшехь, нохчийн халкъан интеллигенцин векалш къарбелла совцуш ца хилла, нохчийн халкъ цIадерзоран гечонаш лоьхучуьра.

1956-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь ГIиргIизойн махкара гIалгIайн яздархо Базоркин Идрис вогIу Iер-вахар Москвахь долчу нохчийн Iилманчин Дешериев Юнусан хIусаме нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн балано гIаттавой. Хрущев Никита шен олаллехь чIагIвелла мур бу иза. Дехха къамелаш до Дешериев Юнуса а, Базоркин Идриса а. ТIаккха, кIорггера ойла еш, цецах санна, хIора а дош луьттуш, Хрущевга кехат яздо цушимма.

Вовшах дага а волий, Юккъерчу Азин массо а маьIIера нохчийн а, гIалгIайн а векалш шаьшинна тIебоьхий, цаьрга а Хрущевга яздинчу кехата тIе куьйгаш яздойту цара. Хьалха яздина хилла кехаташ почтехула дIатосуш хиллехь а, хIинца и кехат Микоян Анастас тIедаьхьна.

Вейтта стаг вара нохчех а, гIалгIайх а Микоянна тIеваха билгалваьлларг. Ларамза дацара къаьсттина Микоянна тIекхача лаар а. Цкъа делахь, Анастас Иванович Кавказера вара, шолгIа делахь, Къилбаседа-Кавказан крайкомехь болх беш волуш дуьйна иза нохчашкахьа а, гIалгIашкахьа а озабезам болуш вара. Цул сов, 1944-чу шеран юьххьехь Нохч-ГIалгIайн автономи йохон сацам тIеоьцуш, мелла а дуьхьало ян гIоьртинера иза.

Бакъду, мел чIогIа нохчашкахьа озабезам беш Микоян хиллехь а, тIекхача атта-м ца хиллера цунна.

1956-чу шеран хIутосург (май) беттан 29-чу дийнахь дуьххьара Кремлан уллехьа гIоьртира вейтта стагах лаьтта халкъан дегаIийжам эцна араяьлла тоба, шайна хьалха ваьлла Дешериев Юнус, Базоркин Идрис волуш. Иштта, цу тобанца хилла ву Зязиков, Гайсумов, Саидов, Шатаев, Муталиев, Матиев, Ташухаджиев, Хаматханов, Тайсумов, кхиберш.

Амма, кхин оццул хIорш хиллехь а, хIорш тIеэца кечвелла Iаш цхьа а ца хиллера Кремлехь. Делахь а, шаьш арадаьккхинарг къоман гIуллакх дуй хууш, халкъан векалш хIора а дийнахь дIахIуьттура Кремлан гергахьа.

Эххар а, асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь, Микоян Анастаса тIелецира Дешериев Юнуса, Базоркина Идриса вовшахатоьхна тоба. Кхаьрца дехха къамелаш дира. Леррина Хрущевга вайн махкахоша яздина хилла кехат дIаийцира, КПСС-н хьалхара секретарна Хрущевна и кехат тIекхачо дош а делира.

Шен дош лардан хьекъал, доьналла, синкхетам хиллера Микоян Анастасехь. Цо кехат тIекхачийнера Хрущевна.

Цул тIаьхьа 65 шо дIаьлла. Вай вешан махкахь дехаш ду АллахI-Делан къинхетамца. Делахь а, вайн дицдан бакъо яц нохчийн а, гIалгIайн а дегаIийжаме гIайгIанаш яйъян къахьегна адамаш. Сирлачу сатийсамийн гIулчаш ю цара уггаре а халачу хенахь яьхнарш. Нохчийн халкъан иэсехь цундела яха йисина и гIулчаш. Церан цIеначу ойланийн а, доза доцчу доьналлин а беркат ду тахана вайх хьерчаш дерг. АллахI-Дала цкъа а хьега ма дойла вай вешан махках!

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |