Пт, 29 марта, 09:49 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Нохчийн махкахь ненан маттахь зорбане ара долуш ду «Даймохк» ц1е йолу газета

Нохчийн махкахь ненан маттахь зорбане ара долуш ду «Даймохк» ц1е йолу газета

21.04.2015 09:09

Дадаев Саид-Хьасан газетан коьртачу редакторан 1-ра заместитель ву. Тахана «Грозный-информ» агентствон корреспондентаца хиллачу къамелехь цо дийцира нохчийн маттах а, газетах а лаьцна.

Фото Луизы Цагуевой

Сайд-Хьасан, 25-чу апрелехь нохчийн меттан деза де ду. Нохчийн маттах лаьцна а, газетах лаьцна а дуьйцийла лаьара ахь.

- Муьлхха а къоман коьрта билгало - цу къоман мотт бу. Нохчийн къоман ненан мотт олу цунах. Дуьххьара нохчийн меттан йоза кхолларехь къахьегнарг Досин Къеда ву. Усларца цхьаьна Тифлисехь абат арахецна цо. Цу т1ера дуьххьара йозан мотт кхоллабелла вайн. Вуьшта, зорбанехь нохчийн маттахь уггаре хьалха арадаьларг «Серло» ц1е йолу газета ду. Иза 1923-чу шеран 23-чу апрелехь арадаьлла. Цуьнан хьалхара редактор Арсанов Саидбей хилла, вевзаш волу яздархо. Х1етахь газет кхолладеллачул т1аьхьа, берриге а яздархой х1окху газетана гонаха гулбелла «Серло» газетах къоман газета дина. Х1етахь дуьйна къоман г1иллакхаш, 1адаташ, эхь-бехк, оьздангалла 1алашъярехь, кхиорехь къахьоьгуш схьадеана.

Газетах пайда а оьцуш, дуьххьара вайн школашкахь нохчийн мотт хьеха а болиийна. Шатайпа 1аморан школа хилла газет нохчийн мотт хьоьхучарна.

Цул т1аьхьа, Советан 1едал ч1аг1делча, 1934-чу шарахь нохчийн газетана «Ленинан некъ» ц1е тиллира.

Газет вайн халкъ 1944-чу шарахь махках даккхалц болх беш схьадеана. Вайн махках даьхча, вай къоман тептарш, жайнаш, книгаш, «Чеховн» ц1арах йолчу библиотекин фонд а, г1алин коьрта архив а ягийна.

Вай махках даьхначу хенахь (1956-чу шарахь) «Къинхьегаман байракх» газет арахеца долийна хилла.

Цу хенахь редакцехь болх бан волавелла Магомаев Салавди, тахана а тхоьца болх беш ву. Къузткъа шо ду цо х1окху газетехь болх бен. Со х1окху газетаца воьзна волу шовзткъа шо ду. Х1ара газет ша кхолладеллачу дийнахь дуьйна нохчийн мотт кхиоран шатайпа пхьалг1а а хилла схьадог1уш ду.

Ас юьххьехь билгал ма-даккхара, Нохчийчохь мел болу яздархой кху газетаца уьйр йолуш бу, марзо йолуш бу. Кху т1е шайн материал тохар деза хеташ бу. Мотт кхиорехь вовшех дагадовлуш ду тхо.

Советийн 1едал д1адаьлча, (1990-чу шарахь) газетан ц1е хийца еза аьлла конкурс кхайкхийра оха. Вевзаш волчу яздархочо - поэта Сулейманов Ахьмада, Даймахкал еза а йолуш ц1е а яц, ненан маттал сийлахь мотт а бац. Ненан маттахь ара долуш долу газетан кхи ц1е леха оьшуш а дац, «Даймохк» ц1е тилла еза цунна, аьлла весет дира тхоьга. Иштта «Даймохк» аьлла ц1е тиллира газетана.

Нохчийн мотт ларбар, 1алашбар, кхиор тхуна т1едожош, весет дина д1авахара Ахьмад бакъдуьнене. Вайн мотт ларбарехь оха кхин а дуккха а болх бу беш. Нохчийн мотт 1амо лууш волчунна г1онна х1ора шоьта дийнахь газетехь зорбатухуш «Даймехкан» дошам ю. Вайн университетан къоман отделенехь доьшуш болу студенташ, барт а бой, кхуза практике бохкуьйту. Ненан мотт бийца хаар и цхьаъ ду, амма цу маттахь яздан хаар - иза кхин ду. Цара парг1ат буьйцуш болу мотт кехата т1е охьабилла 1амадо оха. Т1емаш чекх бевллачу муьрехь дуьйна схьа вайн школехь мотт а, литература а хьоьхуш болу хьехархошна г1онна, царна шайн балха т1ехь пайдаэца мегар йолу литература а, произведенеш а, стихаш а газета т1е тухуш яра. Ша тайпа дешаран программа хилла д1ах1оьттина дара х1етахь газет.

Нохчийн мотт ша цхьаъ лелаш бац. Нохчийн мотт бийцарца бен вайн къоман г1иллакхаш лардар хир дац, дай 1адаташ ларлур дац, эхь-бехк а лардар хир дац. Кхечу къоман мотт бийца волавелла стаг оцу къоман амале воьрзу. Х1ора меттан шен амал ю, къоман санна. Нохчийн мотт - нохчийн г1иллакхаш ду, нохчалла ю, нохчийн къонахалла ю. Кхечу маттахь ала тарлун дерг нохчийн маттахь ала тарлуш дац. Масала: цхьа 1иттарш яр, цавашаран кеп лелаяр, нохчийн амалехь уьш хилла дац. Нохчийн маттахь хьо критика еш велахь, оьрсийн маттахь, я кхечу маттахь санна яздан бакъо яц тхан. Х1унда аьлча, нохчийн г1иллакхийн гура чуьра довла бакъо яц тхан. И дерриге а х1ума лардан г1ерташ х1окху 92 шарахь арадолуш ду газет.

Баккхий берш д1абовлуш, цара къоначаьрга шайн ламасташ д1акховдош, уьш 1ама а беш д1айоьдуш ю хан. Тхуна хьалха хиллачара - Кагерманов Доккас, Чалаев Билалс Хасмагомадов Хьамида, Айдаев Юша1а, иштта кхиболчара а, балха т1ехь хила дезаш долу х1ума, цахилча ца долу х1ума тхоьга хьакховдадора. Х1инца, тахана тхо и лардан г1ерта. Х1окху коллективехь шатайпа юкъаметтиг хила еза, эхь-бехк хила деза. Тахана тхо даккхий хилла. Оха къоначаьрга д1адуьйцуш ду тхайна хьехнарг, тхайна девзинарг.

- Таханлерчу кегийрхошна нохчийн мотт мел беза, цара и мел лору, аьлла хета хьуна?

- Тхо къона долчу хенахь юкъараллехь нохчийн мотт бийцар дихкина дара. Х1етте а, тхан нийсархой нохчийн мотт бийца г1ертара, иза беза а безара. Исбаьхьаллин литература а езара. Тахана къона берш мотт безаш бац аьлча, со нийса хир вац. Тахана нохчийн маттаца бала берш мелла а к1езиг бу, х1етахь хиллачаьрга хьаьжча. Маьрша долу дела хир ду, аьлла, хетта и цхьана декъахь. Ткъа вукха декъехь - матто дахарехь д1алаьцачу меттигех, доьзна хир ду иза.

1ама г1ерташ берш а бу вайн х1инца а, хьалха санна дукха бацахь а. Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Абдулаев Леча, тхо цхьана хьала кхиина ду, кхиъ дуккха а берш: поэташ, яздархой, журналисташ, нохчийн маттахь яздеш дерш, тхо цхьаьна хенара ду. Тахана къоначарна юккъехь маттана т1ег1ерташ берш к1езиг бу. Шиъ-кхоъ ц1е бен цахаало. Бехк берриге а церан а ца хета суна. Бехк тхан а бу. Царна и мотт марзбан беза бакхийчара. Доьзалехь марзба безаш бу и. Кхин х1умма а цахилча а, хьалха юьртахь баккхийчара пхьоьханехь къамелаш дора, г1иллакхаш хьоьхура. Дерригенах а дуьйцура нохчийн маттахь. Цу матте марзо кхуллура.

Тахана нохчийн матте марзо кхоьтуьйтуш долу х1уманаш к1езиг ду. Масала: синкъерам чуьра ара баьккхина вай, эвла юккъе баьккхина. Синкъерам чохь хила безаш бу. Чуьра ара баьккхича, синкъерамехь хила дезаш долу г1иллакхаш кертара ара довлу.

Синкъерамехь, ловзаргахь лело дезаш долу х1умнаш, зудаберо, жимчу стага лело дезарш, цара вовше ала дезарг 1амадора.

Тахана иза оьшуш дац. Телефонаша хийцина дерриге а. Телефон схьа а эцна, къамел дан йиш ю. Ткъа цунна нохчийн мотт хаар ца оьшу. Нохчийн захало нохчийн маттахь дийца дезаш дара. Тахана иза д1адаьллачу новкъа ду. Ламаз хьо 1амо воьлча и цкъа хьалха нохчий мотт буьйцуш 1амош дара.

1арбийн мотт 1амабора вай, хьалха нохчий мотт 1амабой. Оьрсийн мотт 1амо беза, цкъа хьалха нохчийн мотт 1амийна, вай нохчий хила лууш делахь, вай нохчалла оьшуш делахь.

Оха и дериге а к1езиг дуьйцу. Тахана бехк боккху къоначаьрга – нохчий мотт цахаьа, г1иллакхаш цахаьа, бохуш. Царна и хаа йиш ма яц, бакхьийчара д1а ца хьехча.

Таханлера и хьал довза а девзаш, вай мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 25-г1а апрель ненан метан деза де дина. Парламенто шен болх бина. Нохчий мотт, оьрсийн мотт цхьабосса пачхьалкхан меттанаш хилар ч1аг1деш.

1едало ша дан дог1уш дерг дина. Кхид1а дерг: школашкахь, берийн бошмашкахь, доьзалехь дан дезаш ду. И коьрта 1алашо а лаьцна болх беш ду тахана «Даймохк» газета.

- Саид-Хьасан, Дела реза хуьлда хьуна, тхан хаттаршна жоьпаш даларна. Дала аьтто бойла шун!

Къамел д1адехьнарг Тельхигова Дара

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |