Пт, 26 апреля, 11:09 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Дадаев Ризван декъалдо Нохчийн меттан денца!

Дадаев Ризван декъалдо Нохчийн меттан денца!

25.04.2015 07:47

Лараме махкахой!

Ас декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

Ненан мотт бийцар бахархошлахь даржоран Iалашонца чIагIдина ду Нохчийн меттан де. Республикин куьйгаллина даима а лераме хетта хаттар ду иза. ХIунда аьлча, мотт – иза къоман башхаллин гIортор ю. Вайн къоман сийлалла а, дозалла а ду ненан мотт.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас леррина терго йора нохчийн мотт а, йоза а кхиорна, Iалашдарна. Муьлххачу къоман коьрта билгало мотт бу, мотт дIабалахь, вайн къам а дIадер ду, олура цо. Иза иштта дан а ду.

Нохчийн мотт кIорггера Iамо а беза вай, цуьнан сий-ларам лакхабаккха а беза.

Вайн мотт кхио а, Iалашбан а, тIекхуьучу тIаьхьенашна шен хазаллица, сийлаллица иза дIакхачо а декхарийлахь ду вай. Нохчийн мотт Iаморна дерриге хьелаш кхоьллинчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а шен къамелехь хийла билгалдоккху ненан мотт кхио безаш хилар.

Нохчийн мотт ларбар а, баржор а вайн юкъара Iалашо а, коьртачех декхар а ду. Ненан матте безам уггаре хьалха доьзалехь кхоллалуш бу. Цундела, оцу хаттарехь коьрта маьIна лелош берг доьзал бу. Иза дагахь латто деза хIораммо а.

Ирс, аьтто, могашалла хуьлийла шун а, шун гергарчийн а дахарехь!

Дала декъалдойла шу Нохчийн меттан денца!

Ларамца,

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIе латторан департаментан директор Дадаев Ризван

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |