Сб, 20 апреля, 03:00 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Бусалба динехь хьаша-да ларар

Бусалба динехь хьаша-да ларар

04.02.2022 10:08

Нохчийн къоман кхин ца хиллал исбаьхьа, хаза гIиллакхаш ду. Уьш дерриге а бусалбанийн динца догIуш а ду. Даима а хьаша веза лоруш а, леррина тIеоьцуш а, цуьнан гIуллакхе хьожуш а гIиллакх хилла нохчийн.

Фото с сайта: daymohk-gazet.ru

Хьаша доккха беркат лоруш, цу мехалчу гIуллакхан леррина терго йеш ду вайн сийлахь Ислам-дин, хIунда аьлча, цо гергарлонаш кхуллу, вовшашца барт, уьйр, марзо чIагIйо. Далла гергахь йоккха йал, мел хуьлуш, дика Iамал йу иза.

Шен дерриге а дахар бусалба нахана масал долчу вайн везачу Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чIогIа лардеш хилла хьаша тIеэцаран хаза гIиллакх. Цундела, дуьнен чохь массарна а хууш ду, бусалба наха хьаша-да лоруш а, цуьнан сий деш а хилар, хIунда аьлча, Ислам-динехь Iаламат деза лоруш ду шена тIевоьссинчу хьешаца кIеда-мерза, гIиллакхе хилар.

Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, къематдийнах а тешаш волчо шен хьаша лорийла. АллахIах а, къематдийнах а тешаш волчо шен гергарчу нахаца гергарло (ца хадош) леладойла. АллахIах а, къематдинах а тешаш волчо диканиг олийла йа (шена диканиг ца хаахь йа и ала ца лаахь) вист ца хьулуш Iойла» (Бухари, Муслим).

Тахана, мел ца лууш делахь, вайн йукъараллехь дуккха а нах нисло тIевогIу хьаша ца везаш. Стаг тIецавар дика ца лору бусалба дино. И санна долу хIуманаш Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ца магийна.

Дала, вайга кхочушде аьлла, тIедиллина муьлхха а хIума бусалба нахана пайда, беркат долуш ду. Цундела Ислам-динехь къеггина билгалдаьккхина хьаша тIелоцуш волчо а, хьошалгIа ваханчо а лардан деза гIиллакхаш.

Царах цхьадерш хьахош хилча, билгалдаккха лаьа уггаре а хьалха бусалба стеган хьаша тIеэцар даггара, Делан дуьхьа хила дезаш хилар. Иза дуьненахь а, эхартахь а йал йолуш карор ду цунна. Хьаша велавелла, векхавелла, маршалла хоттуш тIелацар – иза цуьнан ларам баран коьрта дакъа ду. Цул тIаьхьа, и чу а вигна, баьрчче, дикачу метте охьахаош, паргIатвоккхур ву цо, хIунда аьлча, гена некъ беш, гIелвелла хила тарло иза.

Цундела, хьаша вазвеш, хIусамехь уггаре а тоьлла, хаза меттиг цунна дIайалар суннат ду, иштта, цо гойту бухахь волчу хIусамден гIиллакх-оьздангалла а, цуьнан комаьршалла а.

Чувеана хьаша, эхь хеташ, ийзалуш хила а тарло, цундела хьаша тIелоцуш волчо а хьахо деза цуьнан хьашто хила тарлуш долу хIума.

Цул сов, хьешана кхача хьалха билларехь сихо йар а деза ду. Хьаша шуьнехь ийза цавалийтархьама, цуьнца охьахиъна, и хьалагIатталц, кхачанах кхетар деза ду хIусамдена. Баьхкина хьеший буьзна хилар шайна билгалдаллалц стоьла тIерачу кхачанах цхьа а хIума дIайаккха а мегар дац. Цо хьешанна дага хIума даийта тарло — цундела иза гIиллакхе ца лору.

Цу кеппара, хьешана оьшуш йолу терго кхачам боллуш йан йезаш ву хIусамда. Коьртаниг хьешанна хало цайар, иза паргIатвитар ду.

Делахь а, кхин цхьа коьрта, лазаме хIума хьахо лаьа. Хазачу гIиллакхца, шен дерг ца кхоош, хьаша-да тIелацар деза хилар вай билгалдаьккхира. Амма, хьаша вогIу бохуш, шайн таронал тIех сов хIуманаш лело а, шайна ца оьшу ницкъаш бар а ца магадо. Цундела дашон йукъ ларйеш чекхдовла деза. Ткъа хьошалгIа вогIучунна гIиллакхех ду ша хьошалгIа вале, шен таро йелахь, хьалххе хаам бар. ЦIеххьана веача, шена там боцучу гIуллакхна тIенисвала а тарло и. Иштта тIехь ду ша керта валале ков тохар, хIусамдегара, «чу ван мегар дуй?», – аьлла, бакъо йоьхуш.

Ша чу вахача, хIусамдас аьлларг кхочушдан деза хьешо. Масала, цо шега цига вале охьахаа алахь, цо боххучу охьахаар гIиллакхе ду, хIунда аьлча, цу хIусамдена шен цIа чохь долу хьал дика девза.

Ша чуваьлча, нагахь, бухахь кхин хьеший белахь, шина стагана йуккъе охьахаар гIиллакхе дац. Цу кеппара, и шиъ цуо шайн къамелах вохош, дIасавоккхуш санна нисло.

Ша, хьошалгIахь кхачанах кхеташ а волуш, хIусамдена реза вуй хаийтар а, цуо ша дика тIелацарна цунна баркалла алар а оьздангаллах ду.

Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шен цхьа асхьаб волчу хIусамехь шаьш хьошалгIахь долуш, кхачанах кхетта девлча, шеца болчу асхьабашка цунна диканаг ала аьлла. Йуха асхьабаша хаьттина, «муха ала деза шаьш и, хIай Делан Элча?», — аьлла.

ТӀаккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) доIа де цунна аьлла.

Хьешана гIиллакхе дац хIусамда сов хIуманаш тIедохкуш хьийзор а, цунна ша кIордавайтар а. Иштта дика ца лору хьошалгIахь тIех дукха Iар, нагахь хьошалла дан таро йолуш и вацахь муххале а.

Дала Шен сийлахьчу Къуръана чохь («Аль-Ахзаб» сурат чуьра 53-чу (?) аятехь) аьлла: «… Шаьш кхачанах кхетта девлча дIасадоха…» аьлла.

Барамал сов долу цхьа а хIума ца магадо Ислам-дино. Нагахь Дала шуна хьаша ваийтинехь, цо шун хIусаме беркат даийтина. Цундела, хьеший безаш а, доггаха а тIеэца беза бусалба наха. Шайн хIусамехь тоьлла долчуьнца цунна хьошалла дан а деза.

Тахана цхьаболчу ийман гIийла долчу нахана моттарх а, хьешаша йа къен а дийр дац, йа цаьргара бепиган йуьхк а йоккхур йац. Хьеший богIучу кертахь даима а беркат лаьттар ду, цул сов, хьешо динчу доIина жоп ло олу Iеламнаха. Цундела вай цаьрга деха дезарг вайн диканца доIа дар ду.

Дала Шен дуьхьа долу цIена гергарлонаш тосучарах а, уьш лардечарах а дойла вай! Дала, дуьненахь санна, вовшийн тIедаха йиш йолуш, йалсаманехь а цхьаьнатухийла вай!

МАДАЕВ Анзор

Источник: газета "Даймохк"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |