Чт, 28 марта, 16:51 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Маглаев Джамлайлас Менделеевн таблица нохчийн матте яьккхина

Маглаев Джамлайлас Менделеевн таблица нохчийн матте яьккхина

15.08.2022 10:13

Маглаев Джамлайла Нохчийн Республикехь вевзаш ву химин Ӏилманан дика говзанча санна. Цо кхиабо студенташ, иштта, дешархошна химин Ӏилманан къайленаш яста гӀо до.

Карарчу хенахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан юкъарчу а, органически йоцчу а химин кафедрин заведующи, химин Iилманийн кандидат ву иза, Д.И.Менделеевн таблица нохчийн матте а яьккхина цо.

«Менделеевн таблица нохчийн матте яьккхиний хаьий хьуна?», – аьлла хезча, бакъ хуьлийла дац аьлла хийтира, юха, иза иштта делахь, и болх бина автор вовза Iалашо хилла, леррина Мехкадаьттан университете кхечира тхо.

Университетехь иза массарна а вевзаш хиллера, хIунда аьлча, Джамлайлас вайн республикера хилла ца Iаш, луларчу республикера дешархой а, хьехархой а химин декъехула Пачхьалкхан цхьаалин экзамен (ЕГЭ) дIаяла кечбеш, дарсаш луш а хиллера.

ХIора шарахь 11-чу классан 500 гергга дешархочо химин декъехула шайн хаарш тIедузу Маглаев Джамлайлас гIо а деш. Ткъа дарсаш оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь ло цо.

Маглаев Джамлайла 1964-чу шарахь ваьлла дуьнен чу. Теркайистерчу Iелин-Юьртара ву иза. Горагорскерчу №1 йолчу школехь дешна, цул тIаьхьа Къилбаседа-ХIирийн пачхьалкхан университетан химин факультете деша вахара иза 1984-чу шарахь. 2001-чу шарахь цо тIечIагIйо химин Iилманийн кандидатан диссертаци.

Вайн республикехь маьрша дахар дIахIоьттичахьана дуьйна Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университетехь студенташна химин Iилма хьоьхуш ву иза.

– Джамлайла, вайна хууш, оьрсийн классикийн поэзи а, Пачхьалкхан гимн а, математика а, физика а гочйина нохчийн матте, ткъа Д.И.Менделеевн таблица нохчийн матте гочъяр маца, муха нисделира хьан?

– Ас цхьа статья ешнера, оцу тIехь дуьйцура химин дукхахйолчу элементийн цIераш XIX-чу бIешарахь бен карийна яц аьлла. Европин цхьайолчу, кхиъна йоцчу пачхьалкхашна царах 8 бен ца евзара, кхечарна 11 элемент евзара. Менделеевн таблице хьоьжуш, суна дагадеара: «ХIара суна керла хIума ма дац, оцу тIехь оьрсийн маттахь йолчу элементийн цIераш нохчийн маттахь йолуш ма ю», – аьлла. Масала, медь – цIаста, серебро – дети, алюминий – наштар, железо – эчиг, сера – саьнгал, кремний – мокхаз, сурьма – сир, и.дI.кх.а. Оцу элементийн нохчийн маттахь цIераш йолу вуно дукха хан а ю. ХIунда? Вайн дайшна, масех бIешо хьалха дуьйна а, хууш хилла лаьттах схьадолучу маьIданех пайдаэца. «Кустарни» производствон технологи олу пхьола хьалха заманахь, нохчийн хIора юьртахь бохург санна, девзаш а, цунах пайдаоьцуш а хилла. Вай даима а тIемаш беш Iийна нах ма дац. Масала, бес-бесара басарш дар карадирзина хилла, царах кузаш, истангаш деш пайдаэна, металлурги кхиъна хилла вайн, руда олучу маьIданах эчиг деш хилла, эчиг деш пхьалгIанаш хилла вайн, цунах кертахь, юьртан бахамехь оьшуш йолу коьчалш (диг, бел, шад, говран вордан чкъургаш, иштта герз, тоьпаш, шаьлтанаш еш хилла. Мелла а ондда эчиг дан хааран технологи евзаш хилла нохчашна, нохчийн пхьераша дина тур-шаьлта девзаш, сий деш, оьцуш, лелош хилла Къилбаседа Кавказехь а, Россехь а болчу эпсарша. Цул сов, халкъан медицинехь а пайдаоьцуш хилла химин цхьайолу элементаш. Масала, саьнгалах (сера) тхан дедас белхьам (мазь) еш хилла акхаройн хьоналлах дIаиэдеш. Тоьпо-туьро йина мел йоккха, кIорга чов а дIаерзош хилла цо. И технологи вайн нахана евзаш хилар бахьанехь, оцу элементийн цIераш а кхечу маттера схаьэца ца езаш вайн маттахь лелош хилла. Сан Iалашо яра XIX-чу бIешеран Iилманчийн санна, Менделеевн таблица оьрсийн матте яьккхина болчу, оцу элементийн цIераш нохчийн матте гочъяр. Болх чолхе а бацара.

– Маца бина ахь и болх?

– 1999-чу шарахь компьютерни вариант йира ас, электронни кепехь кечъеш. Ткъа цул тIаьхьа куьйга йозанца охьабиллина ас и болх. Доцца аьлча, 20 шо ду Менделеевн таблица нохчийн матте яьккхина.

– Джамлайла, хьуна, хьехархочунна санна, башхалла гой студенташна, дешархошна химин элементех нохчийн маттахь дуьйцуш хиларх?

– Берашна ул-уллехь хIоттийна Менделеевн таблицин оьрсийн а, нохчийн а вариант гича царна мелла а атта ду шайна гуш йолу элемент хIун ю, иза муха ю, муха хилла ю хаа. Химин элементийн таблица нохчийн матте йоккхуш бина болх шена саяккха бийр бац. Иза шен халкъан дуьхьа бийр бу. Со аспирантурехь доьшуш волуш, тхо 4 аспирант вара цхьана тобанехь, 2 йоI, 2 кIант – лаьзги, цIадахьаро, кIант – жIайхо, со – нохчи. Хьехархо цIадахьаро вара. Цо минот мукъа ца юьтуш, хаьхкина дара тхо. Аудиторин у тIехь сиха яздан дезара. Химин дарсаш чехка дан дезара. ЖIайхо массарал дика доьшуш вара, иза Казань гIалахь цIечу дипломаца университет чекхъяьккхина вара. Цхьана дийнахь таблици юкъара цхьана элементан цIе йицъелира цунна. Шена тIедиллар делча, катоьхна, сан карара таблица схьаийцира цо. «ХIара хIун ю?», – элира. «Иза нохчийн маттахь таблица ю-кх», – жоп делира ас. «Муха?! – цецвелира иза. – Шун маттахь ю Менделеевн таблица?», – юхаверза ца туьгура иза. Айса йина аьлча, таблица а, со а пайда боцчу вер вара, цундела ас олу: «Иза тхан маттахь йолу дукха хан ю!». Магомедов Магомед Магомедович вара иза. «Как я вам, чеченцам, завидую! – элира цо. Мел хала ду шуна, нохчашна, даха, амма шу ирс долуш нах ду, ас со нохчи хуьлуьйтур вара», – тIетуьйхира цо. 2000-чу шерийн юьххьехь «Орга» журналехь зорбатуьйхира вай юьйцу таблица. ТIом дIабаьллачу шерашкахь дара иза.

ТIетоха догIу Джамлайлас Къилбаседа-ХIирийн пачхьалкхан химин факультет чекхъяьккхича, юха Дагестанерчу хьехархойн институте иза деша вахана хилар а, амма, тIехдика дешарна, иза аспирантуре дехьа ваьккхина хилар а.

Цо болх бечу мехкадаьттан университетан химин кафедрин аудитори чохь оьрсийн маттахь йолчу Менделеевн таблицина уллехь дIатоьхна нохчийн маттахь язйина таблица а яра.

Джамлайлас хьоьхуш йолу хими ца Iама, шех ца кхета йиш ян а яц аьлла хийтира тхуна цуьнан дарсехь 10–15 минот йоккхуш. Шен хьесап, методика, мотт бу цуьнан. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь Iаш ву иза.

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллица кхиийна цо шен доьзал. Иза 3 йоьIан а, 1 кIентан а да ву. Цуьнан 55 шо ду. Iилманан новкъахь кхоллараллин болх буьззинчу барамехь дIаболабо хан бен яц иза. Луур ду цуьнан дахарехь, балхахь, Iилманехь аьттонаш, кхиамаш хуьлийла!

З.ЯХЪЯЕВА

Источник: Газета "ДАЙМОХК"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |