Пт, 19 апреля, 18:58 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Нохчаша инарлин куралла йожийра

Нохчаша инарлин куралла йожийра

23.08.2022 11:28

Схьаваларан орамаш чухонцех (финаш) долу Граббе Павел Христофорович Даймехкан тIеман турпалхо а, Польшехь бIаьхаллин хьуьнарш гайтина а вара.

Инарла-лейтенант вара иза, 1838-чу шеран оханан (апрель) беттан 18-чу дийнахь оьрсийн паччахьа шен омранца, Кавказерчу эскарна куьйгалле хIоттош. Имам Шемалан Ахульго гIап 1839-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 5-чу дийнахь йожорца гIараваьлла, хьуьнаре бIаьхо хилла иза. И толам баккхарна паччахьа Николай Хьалхарчо совгIат дина цунна, «Орден святого Александра Невского» а луш.

Бакъду, атта баьккхина толам бацара иза. 1839-чу шеран хIутосург (май) беттан 30-чу дийнахь дIаболийна и буьрса тIом кхаа баттахь сов кхихкира. Йохийна, йагийна ламанхойн йарташ а, хIаллакдина маьрша адамаш а дагардан цхьанна дага а ца догIура. Паччахьан эскарна а хиллера дикка зен. Эзар гергга стаг вийнера, 1 722 стагана йеза чевнаш йинера. Кхин кIезиг дацара Имам Шемалан эскарна дина зен а.

Ахульго гIап йоьжначул тIаьхьа Имам Шемал, шеца бисина тIеман накъостий балош, Нохчийчу веара. Нохчийн ширачу йуьртахь – ДаьргIахь хилира цуьнан сацар.

Ахульгохь баьккхинчу толамо Iехийна, даг тIе куралла йоьссина Граббе тешна вара имаман и туш ша дIахьокхург хиларх. Инарлина хIинца йерриге а Кавказ шен когакIела хетара.

1840-чу шеран бекарг (март) беттан 20-чу дийнахь Имам Шемала шен тIеман накъосташца Соьлжа-ГIаларчу гIопана тIелатар дира.

Инарлин Граббен куралла йожош, буьрса тIом кIиранах сов лаьттира. Соьлжа-ГIаларчу гIопехь тIом дIаболийначу Имам Шемална орцахкхечира, гиххойн хьаннашкара шен турпалчу бIоца Махьмин Акхберд.

Шина агIор тIелатар динчу нохчийн къонахаша аттачу балхах шаьш цхьана а эскаре къарлур боций дIахаийтина паччахьан инарлашна.

Йукъ-кара бен сацар доцуш, 1840-чу шеран оханан (апрель) беттан 17-чу дийне кхаччалц дIадаьхьна нохчаша гIопана тIелатарш дар. Ткъа 1840-чу шеран асаран (июнь) беттан 5-чу дийнахь Имам Шемалан тешаме накъост а, тоьлла наиб а хиллачу Махьмин Акхберда ТIехьа-Мартан кIоштара, доь ца дуьтуш, аракхийсина паччахьан эскарш. Оцу эшамо дарвина кхаьчна инарла Галафеев Аполлон Васильевич 1840-чу шеран мангалан (июль) беттан 18-чу дийнахь ВаларгтIе.

Оьрсийн поэтан Лермонтов Михаилан «Валерик» цIе йолчу байташкахь буьйцуш бу цигахь кIиранах сов кхихкина луьра тIом. Поэт ша а хилла оцу тIамехь дакъалоцуш — 1840-чу шеран мангалан (июль) беттан 26-чу дийнахь оьрсийн эскаран толамца дIабирзинчу тIамехь жигара дакъалацарна йелла Лермонтовна хьалхара орден.

Толаман байракх Галафеевгахь йитина Iалучарах вацара инарла Граббе Павел. Нохчийчохь талораш дарехь массарел къиза а, жигара а хьийзинчарах ву и. Цундела, нохчийн йарташкахь хилла гIаттамаш хьашарна, бирлантан бIаьргашца (алмазными знаками) билгалдаьккхина цуьнан бIаьхаллин хьуьнар.

1841-чу шеран аьхка цо йагайо Органан йистошца Iуьллу иттех йурт. Иштта, къинхетамза дагадо нохчаша дIадийна йалтанаш а, цаьрга мацалла хIоттийта йолчу Iалашонца. Оццу шеран эсаран (октябрь) беттан 15-чу дийнахь дIадолийна талораш дар шина кIиране доккху акхаройн амале вирзинчу инарлас, мелла а дуьхьало йина нохчийн йурт йаккхийчу тоьпашца йагош, Яьссин йистошца йолчу йарташка кхочу иза, зударий а, бераш а хIаллакдеш.

Къиза йеара вайн махкахошна и гуьйре инарлин Граббен къиза акхаралла бахьанехь, кхин гIоле тIейогIурш ца хиллехь а. Амма нохчий, халонашна къарбелла, горахIиттина меттигаш гина йац кхаа бIешарахь вайн лаьтта тIехь кхихкинчу буьрсачу тIемийн заманахь.

Кавказера эскарш, Iай, дукха хьолахь, Соьлжа-ГIаларчу а, Гезлой-Эвларчу а, иштта, кхечу нохчийн йарташкахь йехкинчу гIаьпнийн казармашкахь садоIуш хилла. Ма-дарра дийцича, ламанца йолчу йарташка гIорта а, йуькъачу хьаннашкахула чекхбовла а салтий хIуьттуш ца хилла Ӏай.

1842-чу шеран бIаьстенан йуьххьехь дIаболийра Граббес рогIерчу талорашна кечамаш. Уьш Нохчийчохь дан лерина вара иза. Итт эзар гергга бIаьхо вара ДаьргIа йаккха вига кечвеш, гIашсалтийн 12 батальон, саперийн кхо рота, кхо бIе гIалагIазкхи, 24 йоккха топ.

Имам Шемалан наиб ЦIоьнтарара ШоIип-Молла вара шен бIоца Граббен эскарна дуьхьало йан кечлуш. ЦIоьнтарарчу ШоIип-Моллас цкъа а инарлина дагахь а ца хилла дуьхьало йина цунна.

Кхаа дийнахь луьра кхихкинчу тIамехь дикка нилхадаьккхина нохчаша Граббен эскар. 1842-чу шеран асаран (июнь) беттан 4-чу дийнахь Гезлойн гIопе йухавирзина инарла, шен эскарх бухабисина салтий балош.

Вайн махкахошка болчу цабезамца цо леррина вовшахтоьхначу итт эзар бIаьхочух ши эзар гергга кхин цкъа а ца гIатта воьжна луьрачу тIамехь. Царах 60 стаг лаккхарчу даржашкара паччахьан эскаран эпсарш хилла.

Иштта йожийна вайн турпалчу дайша Граббе Павел Христофоровичан Ахульгохь даг тIе йоьссина хилла куралла. Оьрсийн паччахьна ца тайна цIе йахханчу инарлас шегара йалийтина ледарло — дукха хан йалале паччахьан Николай Хьалхарчун омранца Кавказера кхечанхьа воккху инарла.

Арапханова Аза

Источник: Газета "ДАЙМОХК"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |