Пт, 19 апреля, 13:25 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Интервью » Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан: «Нохчийчоь – сан дай баьхна латта»

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан: «Нохчийчоь – сан дай баьхна латта»

17.03.2023 17:22

Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана вайн машаречу, маьршачу, денна хазлуш, денна кхуьуш, къегаш, тахана кху дерриг а дуьненна масал хилла дIахIоьттинчу Нохчийчоьнна ша мел деш долчу, мел диначу диканашна тIе кхин а цхьа доккха хазахетар а, совгIат а дина вайна, карара 2023-гIа шо Нохчийн меттан шо ду аьлла, шен Указаца дIа а кхайкхийна. Эзарнаш шерашкара схьабогIуш болу мотт а, гIиллакхаш а, амалш а, Iадаташ а долуш дехаш долчу вайн нохчийн халкъана, кхин боккханиг ца хиллал, боккха кхаъ а, доккха хазахетар а, совгIат а ду иза. Мотт, меттан хIора дош, и дош кхоллалуш долу хIора аз, и меттан аьзнаш, дешнаш кхоллалуш долу йоза уггар а хьалха вайн къоман сий, вайн къоман гIиллакхийн, Iадатийн орам хилар тидаме а оьцуш. И рогIера доккха гIуллакх а, совгIат а вайн халкъана диначу вайн ларамечу Мехк-Дена Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна баркалла а олуш, вайн нохчийн маттах а, вайн ненан меттан таханенах а, кханенах а лаьцна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, «Даймохк» газетаца цхьаьна, Ахьмад-Хьаьжин Рамзане диначу хаттаршна цо делла жоьпаш довзуьйту оха вайн газетдешархошна.

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ахь хьалхуо хьайн Указаца дIакхайкхийна хилла Нохчийн меттан де а, хIинца, цул тIаьхьа, хIара 2023-гIа шо Нохчийн меттан шо кхайкхор а кхин ца хиллал боккха кхаъ а, хазахетар а ду вайн махкарчу хIора а нохчичунна. Дела реза хуьлда хьуна! Оцу доккхачу гIуллакхан мехалла хьуна муха го, хIун дохьур ду вайн халкъана оцу гIуллакхо?

– Вайн махкахь хIора нохчичунна хIора де а, хIора шо а Нохчийн меттан а, нохчийн халкъан а шо хила дезаш ду. И де, и шо дIадаьлча хIора а шена луъучу маттахь ойла йеш а волуш хила йиш йац, цунах гIуллакх хир дац. Дала цуьнан гIазот къобалдойла, вайн республикин хьалхарчу Президентан дешнаш ду: «Нохчийн къам кху лаьтта тIехь дехаш хиларан мокхазан чIагIо йу нохчийн мотт», – аьлла. Вай цуьнан сатийсамаш а, Везачу Деле вайн халкъана диканиг доьхуш цуьнан мел хилла долу доIанаш а, Везачу Делан пурбанца, кхочушдеш, вайн халкъан хьашташ кхочушдеш, дийнахь а, буьйсанна а къахьоьгуш схьадогIуш ду, и некъ, ваьш дийна мел ду, Дала мукъ лахь, вай ларбийр а бу! ХIара берриг а Ахьмад-Хьаьжин некъ бу, ткъа Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь къахьоьгург нохчийн маттах, нохчийн халкъах, кху халкъан хиндолчух дог ца лозуш хуьлийла а дац. Цундела, Дала мукъ лахь, вайн махкахь шен ненан мотт безаш халкъ а ду, денна толуш, кхуьуш схьадогIуш нохчийн меттан йоза а ду. Нохчийн меттан де чекхдаьлча а, нохчийн меттан шо чекхдаьлча а, кху некъа тIера волург – иза нохчи вац. Нохчийн меттан де а, Нохчийн меттан шо а кху лаьтта тIехь цхьа нохчи дийна а волуш чекх а дер дац, Дала мукъ лахь!

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, хьоьга дала хIара хаттарш вовшахтухуш, хIоранна а кху къамелан цIе «Нохчийчоь – сан дай баьхна латта» хилийта лиира. Цунна тIедоьгIна аьлча, хьан кхетамехь хIун ду Нохчийчоь а, Дай баьхна латта а, Даймохк а?

– Цу дешнийн маьIна хIора а нохчичунна шен синкхетаме хьаьжжина хир ду. Амма бакъволчу, нохчийн маттахь ойла йеш а, шен ворхIе да а нохчи волчу нохчичунна цу дешнел а деза, доккха хIумма хир а дац, йа хила йиш а йац! Вайн Нохчийчоь вайх хIораннан а дозалла ду, Нохчалла – дозалла ду, Даймохк – воккхавер ду... Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дина ма-хиллара, ас а гуттар дозалла до, Далла хастам а бо со кху дуьнен чу, бусалба а волуш, нохчи кхолларна, Нохчийчохь кхолларна, сайн Даймохк Нохчийчоь хиларна! И дозалла хIора нохчичун а хила деза. Вайн Нохчийчоь, вайн дай баьхна латта вайна массарна а дозалла а, Везачу Дала дина доккха совгIат а ду.

Вайн дайша вайна – шайн тIаьхьенашна – лардина латта, ларбина мохк бу хIара. Вайн лаьмнаш, вайн лаьмнийн кIотарш, йарташ… ХIокху дуьненахь а кхузахь, вайн лаьмнашкахьчул а дика садаIар хир дац. Цхьана лома тIе дIа а хIоьттина, дIа бIаьрг тоьхча, хьан дегIе богIуш болу ницкъ – доккха хIума ду.

Шайна мел хала хиллехь а, шайна мала, оьшучунна лелон хи мел генара, мел лахара карахь лаьмнашка хьала а кхоьхьуш, цIе йагон дечиг кхечанхьара а кхоьхьуш баьхна вайн дай лаьмнашкахь.

И халонаш лайнехь а, цхьана а ломан цхьа ког биллал меттиг а цхьана а мостагIчунна дIа ца йелла, йохьах ца боьхна. Тахана хьайн Даймехкан да хьо а волуш, мел луу латтанаш а, даьхний а лелон йиш а йолуш, паргIат ваха йиш йу.

«ХIан-хIа, вайга бусалба дин ца леладайтина, вай нохчий ца хилийтина», – бохуш, дуьйцура цкъацкъа. ХIинца и «ца хилийтина» бохуш долу хIуманаш дерриг а хилла дIахIиттина. ХIинца Iедало ламаз де, маьждигаш де, Къуръан Iамаде, шайн Даймахкахь нохчий хилий даха, шайн Даймехкан дола де, сий де, нохчийн мотт бийца, пайдабоцу хIуманаш ма леладе, вайн дайн гIиллакхаш ларде… боху.

Зуда йалор, йахийтар, нускал хитIадаккхар, моттбастийтар – мел хаза гIиллакхаш ду вайн къоман. Ткъа хIинца цхьаверг дастамвала гIерташ хуьлу, берана компьютер хилчахьана, кхин дахар а дац моьттуш кхин караво. ТIаккха селхана хьан дахар муха хилла берашна ца хаьа, вай дуьйцуш, лелош а ца хилча. Ткъа ахь хьуо мичара схьаваьлла, хьайн дай муьлш хилла, уьш муха баьхна ца дуьйцу. Со кхеташ вац и тайпа нах муха хуьлу, шайн доьзалшка хIун дийца бохку уьш? ХIокху дуьненахь ваьхна а хIун до, дайша лелийнарг тIаьхьенашна довзуьйтуш ца хилча?! Хилла долчуьнца йолу зIе долуш долчуьнца йузуш вацахь, стаг эрна ваьхна ма ву… Вайн Даймохк вайн дозалла ду, вайн дай баьхна латта – вайн йахь, вайн доьналла, вайн къинхетам, вайн комаьршо, вайна Везачу Дала делла совгIат ду. Бусалбалла, Нохчалла… Кхин хIун оьшу кху дуьненахь ваха нохчичунна?! Делан къинхетам ма бу хIара берриг а.

Йуха, вайн таханлерчу машаречу, маьршачу, сирлачу вешан Нохчийчоьнна тIе бина некъ, вайн сатийсамаш, вайн Везачу Деле хIара де кху халкъана доьхуш мел дина доIанаш, кху дийне сатуьйсуш, хIара де кху дерриг а дуьненан харцонца къуьйсуш вайн мел кIентий хIаллакьхилла… Цу дерригенан а ойла йича, хIора нохчи кхин а шен нохчалла совйаьлла, кхин а вовшашца болу къинхетам совбаьлла, догдикалла кхин а лакхайаьлла хир вара. Дала мукъ лахь, оццул кхетам лакхара болуш вайн хIора нохчи волуш а ву, иза иштта хир а ду, цунах со чIогIа тешна а ву!

Дала цуьнан гIазот къобалдойла, ахь лакхахь ма-аллара, вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а гуттар дозалла дора Везачу Дала ша, бусалба а волуш, нохчи кхолларх. Ахьмад-Хьаьжа Хьан да хилла ца Iаш, вайн йерриг а Нохчийчоьнан, нохчийн халкъан кху сирлачу таханенан, цхьана а зуламе ца иэшайеллачу Нохчийчоьнан а машаран Да хилла висина хIора а нохчичун кхетамехь. Цуьнан цIе а йисина хIора а нохчичун кхетамехь, хIара Нохчийчоь мел лаьтта, йаха. Кху доккхачу дуьненарчу цхьаьнгга а лан ца йаллал къизалла, харцо, йамартло кху халкъана тIехIоьттича, цунна дуьхьал вала а, и къемате иэшон а цунна ницкъ белларг хIун дара?

– Дала гIазот къобалдойла цуьнан, Ахьмад-Хьаьжина, цуо ша а олуш ма-хиллара, доккха дозалла а, Далла хастам а бара, Везачу Дала делла совгIат а дара иза – бусалба а волуш, Дела цхьаъ а веш, вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда) цунна бакъ а веш, устазаш, эвлайааш къобал а беш, ша Нохчийчохь а, нохчи а кхоллар.

Шен Даймохк, нохчийн халкъ, халкъан хилларг, дерг, хиндерг, мотт безар шен цIийца, сица, мел боккхучу когаца, дечу гIуллакхца, олучу дашца дара Ахьмад-Хьаьжин. Нохчийн халкъах чIогIа тешара иза, дог а лозура, цо даима а дозалла дора вайн халкъах. Шен къомах доглазар а, иза дезар а, цуьнан хиндолчух, цуьнан кханенах, оцу кханенан массо а дийнах шен доглазар дара Ахьмад-Хьаьжас и деза дукъ шена тIелацар а.

Вайна дагадогIу и шераш, оцу шерийн амалш, вайн Нохчийчохь хилларг: цхьана а адаме лан ца йаллал къазилла а, харцо а йара иза.

Вайн Нохчийчоь шен къомаца, халкъан гIиллакхашца, шен хиллачуьнца, хиндолчуьнца йагийна дIайаьккхинчул тIаьхьа, шолгIа долийна зулам дара иза – дерриг а халкъан синкхетам дIабаккха, нохчийн халкъ кхидIа хIокху дуьненахь ца хилийта, дуьненчуьра берриге а зуламе ницкъаш цу боьхачу гIуллакхна ара а бевлла, долийна зулам.

ХIокху дуьненал а йоккха йуй-те аьлла хиллачу цу харцонна дуьхьал, Везачу Дала шена белла цхьа ницкъ, цхьа доьналла, шена тIехьа лаьттачу халкъе болу боккха безам, ларам ца хилча, цу харцонна дуьхьалвала цхьаьннан а ницкъ тоьар болуш къизалла а йацара иза.

Ша нохчийн къомах ву ала цхьа а ца ваьхьачу дийнахь, дерриг дуьненна а хезаш, «Со нохчи ву, нохчийн къоман векал а ву, нохчийн къам цхьана а харцоне хьийзадойтур долуш а вац» – алар, йуха, цхьана а мIаьргонна а цу некъа тIера йухацавалар а, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Ахьмад-Хьаьжина Дала белла ницкъ а, дуьненан массо а харцонал а боккха болу нохчийн къоме цуьнан ларам а бара.

Вайн йерриг Нохчийчоь, кху дуьненал а йоккха харцо дуьхьал а йаьлла, цхьа а нохчи дийна ца вуьсуш, дуьненчуьра дIаваларан киртиг йара дIадаханчу бIешеран чаккхенехь кху вайн Даймахкана тIехIоьттинарг. Шаьш нохчий ду бохучу зуламхоша вайн дерриг а халкъ а, кху халкъан цIе а боккхачу бохамна кIел кхоьссира, йуха тIамна кIел кхоьссира. Цхьа а нохчи вацара кху дуьненан цхьана а маьIIехь ша нохчи ву ала хIуттуш. Вайна гина хIуманаш ду уьш. Дуьне мел ду, дийнахь а, буьйсанна а хаамийн берриге а гIирсашкахула дIакхайкхош дара «нохчийн талорхой, нохчийн зуламхой, уггар а тешам боцу адамаш, – нохчий…» бохуш болу кхайкхамаш. Кхечу мехкашкарчу адамаша шайн вуон лелаш долу бер а нохчичун цIарца кхерадора, човхадора… Вайн нохчийн халкъ дерриг а кху лаьтта тIера дIадаккха, цхьа а нохчи кху дахарехь ца хилийта, хIордал дехьарчу иблисийн лаамаш кхочушбеш йехачу пачхьалкхашкахула, церан хьадалчашкахула – Европерчу адамийн сибатера шайн ойланашций дIадевллачу адамашкахула кху Нохчийчу кхаьчна зулам дара иза. Доккха зулам дара, ондда бух а кечбина дIадолийна зулам дара. Цунна дуьхьал вала цхьа а ца хIуттура, йа хIуттур а вацара, йа хIотта а ца хIоьттира, цхьа, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, вайн Нохчийчоьнан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа воцург.

Хьаъ-хьаъа а тIелоцур долу хIума дацара иза, йа мил-милла а хIуттур волуш а. Оццул боккха мохь тIелаца, шина тIамо дохийна, аьтта, харц дуьненан къизалла йерриг а шена тIейоьжна нохчийн миска халкъ шен букъа тIехьа лаца Везачу Делера цхьа орца а, ондда ницкъ а, доьналла а, нохчийн халкъе кху дерриг дуьненнал йолчу къизаллал а боккха болу безам а оьшура. Цу хенахь, вайна дагадогIу, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дерриг дуьненна а хозуьйтуш дIаэлира: «…Сан халкъ зуламхо дац, сан халкъ цхьана а къоман мостагI дац, сан халкъ кху дуьненахь уггар а къинхетаме, уггар а машаре, уггар а догцIена, уггар а майра халкъ ду. Нохчийн халкъ кху дуьненарчу муьлххачу а харцонна дуьхьала Везачу Делан дуьхьа цхьаьнгга а бохалун боцу онда пен а бу, муьлхха а накъост оьшучунна кху дуьненал а доккха орца а ду, кху дуьненахь шен меттиг а йолуш даха хьакъ а ду, Дала мукъ лахь, со дийна висахь а, ца висахь а, дехар а ду. Нохчийн халкъах долу сан хIора дош нийса хиллийла кху дуьненахь ваха висинчунна гур а ду», – аьлла.

Цу бусалбаллех, догцIеналлех, къинхетамах, майраллех, доналлех вуьзна хилла ца Iаш, дийнахь-буьйсанна а Везачу Деле вайн халкъана диканна доIанаш деш, халкъан ирс шен коьрта Iалашо а хIоттийна, уггар а хала, буьрса деанчу шерашкахь шен дахар нохчийн халкъан дуьхьа дIаделлачу, Везачу Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Ахьмад-Хьаьжас дIаболийна некъ бу тахана кху вайн Нохчийчохь схьабохьуш берг. Дала мукъ лахь, цхьа нохчи кху лаьтта тIехь дийна мел ву, хIара некъ иштта сирла, иштта цIена, иштта кху вайн Даймахкана беркате дIагIуриг хиларх со тешна а ву. Ахьмад-Хьаьжин некъ бу вайн цхьаалла. Ткъа йуха а цу сийлахьчу, бакъволчу нохчичух, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Ахьмад-Хьаьжин дешнашца аьлча, Везачу Делан дуьхьа цхьа барт, цхьа ойла, цхьа лаам хилла вайн халкъ дIахIоттахь, кху лаьтта тIера цхьа а хIума вайн Нохчийчоьнна кхераме а дац.

Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ахь хьастагIа, Нохчийн меттан шо дIакхайкхочу суьйранна билгалдаьккхира, вайн нохчийн мотт дуьненара дIадовлуш долчу меттанашна йукъахь бу, бохуш дуьйцу, иза иштта хила йиш йац, йа хилийта йиш а йац, аьлла. Мотт дIаболуш бу бахар стенна тIехьажийна дуьйцуш ду, аьлла хета хьуна?

– Суна иза кхидолу, вайн халкъах долу харц эладитанаш санна долчу могIарера эладита хета, иза мичча дIайаздина делахь а. Кху дуьненахь цхьа нохчи вехаш мел ву, нохчийн мотт дуьненара дIабер бу бохург со ца тешаш хIума ду. Суна вайн адамийн амал дика йевза. Вайн хилларг а девза, дерг а дика гуш ду, Дала мукъ лахь, тIе хиндерг кхин а дика вайн халкъана хилийта вай къахьоьгуш а ду. Тахана шен мотт а, меттан йоза а, шен Даймохк а хиларал сов, ша нохчийн халкъах хилар а, Нохчийчоь шен Даймохк хилар а диц ца дечу цхьана а нохчичо дIаболуьйтур бац нохчийн мотт кху лаьтта тIера. Мацаха, цхьа бIе, ши бIе шо хьалха цхьацца лазамаш, баланаш, йа рицкъанаш цигахь нисдаларна цIера бевлла, генарчу а, уллерчу а малхбалехь бехачу нохчаша шайн мотт ца бицбина оццул даккхийчу къаьмнашна йуккъехь а, кхечу цивилизацешна йуккъехь а.

Ткъа тахана, йеккъа цхьа Нохчийчоь хилла ца Iаш, оццул йоккха йолу Росси а, муьлххачу кхуьнан маьIIехь а шен цIа хеташ, йерриг Росси шен Даймохк хилла Iачу нохчичо шен мотт а, меттан йоза а, нохчалла а ларйийр йу, ларйеш а йу, ларйина а йу. Нохчичун цхьана а къомаца хьагI ца хилла, ткъа йахь хIора а нохчичун шен сица, цIийца йу. Кхидолу къаьмнаш шайн меттанаш а долуш, цу меттанийн йозанаш а долуш дехаш а долуш, нохчичо шен мотт дIатосур бу, шен ненан мотт кхечу маттаца хуьйцур бу бохург, – иза цхьа харц, вуон гIан санна хIума а хета.

Делахь а, гIалат доцуш ца хуьлу, дегIа тIехь массо а меже могаш йолуш, цхьана а меженна тIехь цхьа а сакхт доцуш наггахь а ца нисло адам. Къаьмнаш а ду иштта. Наггахь волу, Дала иза ийманехь нисвойла, шен халкъан гIиллакхаш дицдеш верг а, ша мила ву дицдинарг а, шен да-нана, мотт бицбинарг а. Иза цхьа сакхт ду, лазам бу, цамгаран цхьа хьу санна хIума ду. Дала мукъ лахь, иштта йолу цамгарш кху къоман цхьааллех ца кхетийта вай денна деш гIуллакхаш а, хьоьгуш къа а ду. Ткъа ЮНЕСКО-с аьлла бохуш, цара дуьйцург хIун ду ца хаьа суна, кхечу гIуллакхаш тIехь санна бала хилла хир бу-кх церан а вайн нохчийн халкъаца а, маттаца а, вайн Нохчийчоьнца а. Хьалхуо, ткъа-ткъе итт шо хьалха, шен нохчийн маттаций, цу меттан амалций вайн нохчийн халкъ кху дуьненара дIадаларна кхерам вайна тIехIоьттича дош а ца аьлла, шаьш дуйла а ца хаийтина, ткъа хIинца, кху дерриг дуьненна а адамаллин, машаран, доьналлин масал а хилла, Везачу Делан къинхетамца вайн халкъ дIахIоьттича, и хIуманаш дийцар а цхьа а бакъдолчун бух болуш хIума дац, йа и бух болуш хуьлийла а дац цхьа нохчи кху дуьненахь мел ву.

Ас йуха а боху, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Ахьмад-Хьаьжас болийначу некъа тIехь уггар а коьрта дакъа Бусалба дин а, Нохчалла а ду. Беккъа мотт хаарх, вайн гIиллакхаш, синмехаллаш цуьнца цхьаьна ца хилча, нохчи хуьлуш вац. Иза дицдан ца деза вай. Уггаре а хьалха мотт хаа беза, хадалур йоцчу зIенашца цунах доьзна ду къоман гIиллакхаш, Iадаташ, деца-ненаца, йиш-вешица, дехошца, ненахошца, стунцахошца лелон йеза йукъаметтигаш. Нохчийн мотт – иза вайн нохчийн са ду, вайн синмехаллаш шеца йоьзна долу са. Вайн нохчийн мотт шира мотт бу, шира хиларе терра, вайна мел ду а ца хууш, иттаннаш эзарнаш дешнаш а ду вайн маттахь. Ткъа вайн мотт дIадовлуш долчу меттанашна йукъа биллинехь, иза йукъа билла цхьанна дагадеанехь а, иза вай ледара лелабо аьлла, вайна ваьшна дагадеанехь а, иза доккха иэхь ду аьлла а хета суна вайн халкъана. Вайгара йахь, йуьхь, доьналла… – массо а хIума дIадоккхуш долу хIума хета суна иза. Цундела оцу тIехь болх бан вай кхоьллина масех комисси йу, цу декъехь вай дуккха а белхаш бина тIаьхьарчу шерашкахь, беш а бу, бийр болуш а бу.

– Дела реза хуьлда, лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Мотт Iалашбаран коьрта дакъа хьанна кхочуш ду аьлла хета хьуна? Доьзална, халкъана, йа мехкан Iедална?

– Суна хетарехь, и кхуьй а цхьаьна дозаделла ду, вовшех дала йиш а йоцуш: Доьзал-Халкъ-Iедал! Халкъ доьзалх кхоллалуш ду, Iедал цу халкъан векал ду, йуьхь йу. ТIаккха и мотт Iалашбар а ду иштта цхьа тIегIа, муьлххачу а доьзалера, ненера, дегара доьзалхочуьнга кхочуш, цу доьзалера и доьзал бехачу ураме, урамера – йуьрте, кIоште, махке кхочуш схьадогIуш. Йуха цу хIора доьзалера арадевллачу берех кхана цхьа доккха халкъ хуьлу, йуха цу халкъан векалех – Iедал. Цу доьзалера схьа, шен дега-ненера схьа бевза дуьххьара шен ненан мотт а, гIиллакх а, диканиг-вуониг а, мегар дерг-доцург а. Берана дуьххьара девзарг шен да-нана ду, йуха цу шен ден, ненан мотт Iема берана, йуха цу шингара дахарна деладалар, къинхетам, гIиллакх, оьздангалла, цу дега-ненера йиша-ваша девза, гергарнаш, шен йурт йевза, шен мохк, Даймохк… Цундела ду да-нана шен доьзалхочух жоп луш Далла хьалха а, шен халкъана хьалха а. Цундела хIора дена, нанна хаа деза, и бер дуьненчу даьккхина ца Iаш, цунна рицкъ латтийна ца Iаш, кхин дIа а цу берана диканиг хьехар, шен мотт, гIиллакхаш Iамон, цаьрга цу шен доьзалхочун безам кхолла шаьшшиъ декхар дуйла халкъана хьалха а, Iедална хьалха а, Далла хьалха а.

Тахана Iедало шега далуш дерг а, далуш доцург а – массо а хIума дина вайн тIекхуьуш долу чкъор дегIана, синкхетамна, дуьнене болчу хьежамна могаш-маьрша хилийта. Дас-нанас Iамийна, берийн беша а, цул тIаьхьа ишколе а кхочуш долу бер, цунна шен маттахь йеша-йаздан ца хаахь а, шен мотт бийца хууш, ша мила ву хууш, ша муьлхачу къомах ду хууш хила деза. ТIаккха, цул тIаьхьа муьлххачу хьехархочунна а цу бераца болх бан а, цунна кхидолу меттанаш Iаморал сов, шен маттахь йеша, йаздан Iамо а атта хир ду, ткъа шен мотт дика хуучу берана кхидолу меттанаш Iамон а хала хир дац.

Ткъа нохчийн мотт, меттан йоза хала ду, и Iамон берана хала хуьлу, воккхачунна а хала хуьлу… бохург – суна иза деккъа цхьа хабар хета. Беро а, воккхачо а гуттар а шена гуш дерг, шена хезаш дерг схьалоцу. Шен доьзалехь буьйцуш нохчийн мотт белахь, беро нохчийн мотт схьалоцур бу, немцойниг белахь, цераниг лоцур бу…

Амма вайн махкахь, вайн Нохчийчохь хIора доьзалехь денна шен хIусамехь хезаш берг, буьйцуш берг нохчийн мотт хилийта хIора да-нана декхар а ду, цу декхарх цхьа а валийта вайн йиш а йац. Дуьххьара хIорамма а шен ненан мотт Iамон беза, тIаккха шена лаахь оьрсийн а Iамабе, чинахойн (китайцийн) мотт а Iамабе. Хьахаделлачура аьлча, интернета чохь хьаьжча а гуш ду, масала, йуьртахь вехачу могIарерчу чинахочунна (китайцана) Iер-дахарна шен меттан 1500 эзар хьаьрк хаа йеза, ткъа газет, киншка йеша лууш волчу чинахочунна (китайцана) – 3000 хьаьрк. Ткъа церан меттан 1994-чу шарахь арайаьллачу дошамехь 85 568 эзар хьаьрк йу. Оццул йолу и хьаьркаш Iама а йеш, деша а доьшуш, Iилманаш а кхиош Iаш бу-кха уьш. Ткъа вайн нохчийн маттахь дерриг а 49 элп бен дац, йа уьш ца Iамало бохург суна бакъ а ца хетало. Цигахь Iамон лаам оьшу, ца Iамон бахьанаш ца оьшу. Цундела эзарнаш шерашкахь цхьана а нохчичо дIа ца тосуш, шен къоман коьрта билгало иза йуй хууш, схьабеана болу вешан ненан мотт вай кхин а дика Iамон а, бийца а, лелон а декхар а ду. Ас хьалхо, лакхахь ма-аллара, Нохчийн меттан де а, Нохчийн меттан шо а вайн халкъан хIора дийнахь а, хIора шарахь а хир ду, Дала мукъ лахь!

Цу гIуллакхах адамаш кхетон вай чохь болх барх ца тоьа тахана. Ара а довлуш, университеташкахь, институташкахь, ишколашкахь, берийн бошмашкахь нохчийн мотт ца буьйцуш болчаьрца леррина болх бан беза. Берийн бошмашкахь дуккха а бераш нохчийн мотт ца хууш карадо хьуна. Ткъа хIунда ца хаьа царна шайн ненан мотт, аьлла хаьттича, дас-нанас олу: «Берийн бешахь хуьлу уьш, цигахь оьрсийн мотт буьйцу. Йуха цIахь мультфильмашка а хьуьйсу уьш. Иштта дIа шарло-кх уьш оьрсийн мотт бийцарехь». Соьга хаьттича, иза цIийндас шен хIусамнанна маршо йалар бахьана долуш, бер шена ма-луъу кхуьуш хилар ду. Шен чохь дерриг Iема берана. Нохчийн мотт, ненан мотт – нохчийн хIусамера, чуьра арабала безаш бу…

Тахана вайн Iилманчаш а, йаздархой а, журналисташ а, культурин, дешаран декъан гIуллакххой а – нохчийн меттан говзанчаш бу. Дала уьш дукха бахабойла, уьш болччуьра массо а хIума хила ма-деззара йаз а дина, тIекхуьучу чкъурана бух охьабиллича, кхидIа болх бан атта хир ду, тIетовжа меттиг а хир йу. ПохIма долу нах вовшахтоьхна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу йукъараллин Фондан гIоьнца оьшуш болу гIирсаш а эцна, къоман гIиллакх-оьздангаллица йогIуш йолу мультфильмаш нохчийн матте йаьхча, йаржийча, бераш хьовсур ду цаьрга, ненан мотт Iемар бу, шарлур бу, керла дешнаш девзар ду, цахуург хоттур ду. Нохчийн маттахь дика болх бечу поэташна, йаздархошна, журналисташна, йукъара а, корматаллин а дешаран кхерчашкахь къахьоьгучарна а, доьшучарна а деза совгIаташ дийр ду. Кху шарахь 100 шо кхочу вайн нохчийн маттахь долчу «Даймохк» газетан. Нохчийн мотт, меттан йоза вайн халкъан селхане, тахане, кхане йу. Цундела вайн йерриг Нохчийчоьно а доккха дезде дарца билгал а доккхур ду «Даймохк» газетан 100 шо кхачар. Иштта, цуьнан сийнна, ненан мотт гуттаренна а бахийта 2023-гIа шо НОХЧИЙН МЕТТАН ШО хилар вай дIа а кхайкхийна.

Дала мукъ лахь, вай вешан мотт а Iамор бу, меттан йоза а Iамор ду, иза доггаха лелош волчунна, шен хаарех кхечарна а пайда болуш волчунна даккхий совгIаташ а дийр ду. Уггар хьалха, 2022- гIа шо чекхдолуш, 2023-гIа шо долалуш, Нохчийн меттан шарна лерина ас сайн цIарах къовсам дIакхайкхийна. Нохчийн маттахь дукха дешнаш хууш, нохчийн мотт дика хууш хьалхара меттиг йаьккхинчунна 5 миллион сом, шолгIа меттиг йаьккхинчунна – 2 миллион сом, кхоалгIа меттиг йаьккхинчунна – 1 миллион сом луш, совгIаташ а дийр ду. Телевиденехь, радиохь, университеташкахь, ишколашкахь шайн-шайн тIегIанашкахь цхьацца цхьаьнакхетарш а деш, къийсадаларш а деш къахьегахь, нохчалла йезаш верг мила ву, нохчи хила лууш верг мила ву, нохчийн мотт безаш верг мила ву, иза лелош верг мила ву а хуур ду вайна.

Нохчийн мотт, Конституци тIехь дIайаздина ма-хиллара, пачхьалкхан мотт бу вайн Нохчийчохь. Ша куьйгаллехь волчу хенахь, нохчийн меттан сий дина, лаккхара мах хадийна Ахьмад-Хьаьжас (Дала цуьнан гIазот къобалдойла!), ткъа вай цуьнан лорах, цуьнан некъаца дIадоьлхуш хиларе терра, нохчийн меттан сий дарехь, иза Iаморехь, кхиорехь, баржорехь ондда тIаьхьало а йолуш, доккха маьIна а долуш хила дезаш ду хIара 2023-гIа шо – Нохчийн меттан шо. Нохчийн мотт вайна массарна а беза. Иза безаш, баха лууш, цуьнан ойла йеш ца хиллехь, хIокху таханлерчу дийне кхаччалц вайн дайша и ларбина а хир бацара, къа а хьоьгуш, таханлерчу дийне вай схьадаьхкина а хир дацара.

Вайн некъ массарна а беза бу. Дан дезаш долу массо а хIума, цкъа хьалха динца а, цул тIаьхьа нохчаллица а догIуш ма-хиллара, нис а дина, дан йуьхьарлаьцна схьадогIуш ду вай. Ахьмад-Хьаьжин некъ бу иза. Дуьненан массо а маьIIера Iеламнах вай долчу баьхкича, дуьххьалдIа йолу эфир а йина, Ахьмад-Хьаьжас бинчу некъах а, гIазотан некъах а хаттар дира цаьрга. Цара и цIена гIазот ду аьлла, жоп а делира. Вайна-м ваьшна а хаьара иза иштта дуйла а, оцу некъа тIехь къахьегар деза дуйла а.

Нохчалла йуьйцу вай, цунах дозаллаш до вай. Амма нохчийн мотт шайн дахарехь, йукъараллехь буьйцуш, лелош берш тIаьхь-тIаьхьа лахлуш бу. Хьо дIахьаьжча, и нохчалла уггаре а чIогIа йуьйцуш болчу нехан бераш ненан мотт хууш а ца хуьлу. Вай тахана боккха болх дIаболийна вешан ненан маттана гонаха. Нохчийн меттан шеран дохаллехь ворхI бIе сов цхьаьнакхетар ду дIадахьа лерина, кхидолу гIуллакхаш ца лерича а. Вайна беза бу вешан мотт.

– Нохчийн меттан йоза латиници тIедаккха дезий, Iаьрбийн, гуьржийн графикех пайдаэца безий, нохчийн меттан «шира» йоза йухадендан дезий бохуш, цхьацца къамелаш хеза наггахь. Оцу хьокъехь йолу хьайн дог-ойла йовзуьйтур йарий ахь, АхьмадХьаьжин Рамзан?

– Цу гIуллакхан ойла йан а, шена хеташ дерг, бух а балош схьаала а, вайн республикехь Iедалан тIегIанехь кхоьллина, Дешаран а, Iилманан а министерствона йукъа йогIуш а йолуш, Нохчийн меттан институт йу. И Iаьрбийн а, латиницин а элпаш вайн меттан йозанехь дIадаханчу бIешеран йуьххьехь лелийна а, цхьа а политикин хьежам а боцуш, кириллица тIеоьцуш, вайн меттан йозанна йукъара дIадаьхна а ду. Вайн маттана тахана лелочул а бегIийла хиллехь, цу хенахьлерчу Iилманчаша уьш дитина а хир дара. Ткъа ма-дарра аьлча, элпаш а, меттан йоза а Iамон лууш волчунна, иза муьлхха хилча а, бен а дац. Iамон лууш волчо, и лаам болчо мотт а Iамабо, меттан йоза а Iамадо. И гIуллакх шен чуьра, шен дегара-ненера схьадогIуш ду. Элпаш иштта хилча, мотт дика Iемар буй, вуьшта хилча кхин а дика Iемар буй бохуш, хабарш дийцар цхьа а бух болуш ца го суна. Iамон луучунна элпаш бен хила дезаш а дац, йа уьш мухха хилча а, меттан аьзнаш вовшахтаса новкъарло йеш ца хилчахьана, иза йа коьрта а дац. Цкъа дуьххьара хIора нохчичо шен маттахь йеша, йаздан Iамон деза, йуха тIаьхьа массо а шен мотт а хууш, шен маттахь йаздан, деша а хууш дIахIоьттича, тIаккха йоза муха хила деза бохучуьнга шен бух балабе, ала мегар ду, ткъа тахана хIора а шен ненан мотт хаа а, шен ненан меттан йоза хаа а декхар а ву Далла хьалха а, хIара таханлера де вайга шаьш нохчий а болуш схьакховдийначу вайн дайшна хьалха а.

Лараме Ахьмад - Хьаьжин Рамзан, тахана доьзалехь берашна нохчийн мотт цаIамор а, кегийрхошна и нохчийн мотт цахаар а – иза мел кхераме хир ду кхана вайн Нохчийчоьнна а, халкъана а? Цо хIун дохьур ду вайна кхана, нохчийн мотт а ца хууш тIекхуьуш тIаьхье хилахь?

– Суна иштта доьхначу гIуллакхан ойла йан а ца лаьа. Амма цхьа хIума хаьа: эзарнаш шерашкахь, дайша ларйеш, къизачу тIемашкара, цIеран алунашкара йохуш, тахана вайга кхачийначу вайн сийлахьчу Нохчийчоьнах шен дайн мотт а боцуш, дайн гIиллакхаш а доцуш, оьздангалла, комаьршо, адамаш ларар, стаг верг стаг а, зуда йерг зуда а йоцуш йолу Европа хилийта йиш йоцийла-м хаьа суна. Вайн мотт дIабалахь, дайн гIиллакхаш, ламасташ дIадовлахь, Дала иза тIе ма доуьйтийла, Европехь йоллу, Iамаркехь йоллу йуьхь йолуш, иблисан амате йирзина дIахIуттур йу вайн Нохчийчоь а, йерриг Росси а. Ткъа вайн Нохчийчоь массо хенахь а кху дерриг дуьненна а харцонна дуьхьал, гIелонна дуьхьал, Везачу Делан дуьхьа, нийсонна тIехь хилла орца ду. Тахана йерриг Европа, Iамарк йу Россица а, вайн Нохчийчоьнца а и адамалла, Дала делла долу адамашна йукъара Iадаташ, гIиллакхаш дIадахарехь а, Дала неIалт аьллачу иблисан суьрте а йирзина, тIемаш беш. Вайн халкъан а, дерриг дуьненан адамаллин а гIиллакхашна нийсса пурхнехьа йирзина, адамаш дайъина а, мехкаш хIаллакдина а шаьш шайна боьхаллина кхоьллина долу боьха Iадаташ чекхдаха гIерташ лелачу цу Делан мостагIийн агIо лоцург а уьш берриг ву.

Тахана вайн боккхачу Даймахко Россис а, цуьнан Президента Путин Владимира а дуьненахь а, Россехь а мел долчу маьршачу халкъашна шайн маршо лелон а, бусалба дин лелон а йелла паргIато а, адамаллин гIиллакхашна тIера ца довла, шайн дайн гIиллакхаш, Iадаташ лелон йелла маршо а ца лалуш арайаьлла йу Iамарк а, цуьнан харцонан куьг а, боьха бIаьрг а хилла схьайогIуш йолу Европа а. Дерриг дуьненна хууш а долуш, США цу шаьш тIехь долчу лаьттан дайн даьIахкашний, цIийний тIехь йиллина пачхьалкх йу. Массо хенахь а машаречу гIаланашна тIе бомбанаш йеттарца бехке доцу адамаш дайъар, талораш а, къизаллаш а лелор, йозуш йоцчу пачхьалкхашкахь конституцина дуьхьал карчамаш бар – иштта йолчу Iамаркан дипломатин хатI а, кепаш а дика йевза дуьненан массо а маьIIехь.

Тахана кху дерриг дуьненна а шех зулам хилла схьайогIучу США-с Шемахь динарг а, Ливехь дина тIеман зуламаш а, карчамаш а, Югославехь, кхечу пачхьалкхашна йиттина бомбанаш а – и дерриг а ма-дарра дийца Iалашо йац сан. И дерриг а дийцича, дийнна киншка хир йара цунах. Нохчийчоьнах доьзначух аьр вай. Малбузенан массо а тайпа хIуьттарене а, тешнабехке а гIуллакхаш шена тIехь лайна нохчийн халкъо. Ваьш кхеташ а доцуш, бIеннаш эзарнаш адамийн дахаран мах дIа а луш, шеконечу, кхочушхир а боцчу, кхочушхилча а дIа а кхехьалур боцчу сатийсамна йукъа дахара вай церан питана бахьанехь. Малхбузено, ма-дарра аьлча, вайн халкъах пайдаийцира Росси йохо гIортарехь.

Уггар а кхераме мостагI хьуна цавевзаш верг ву, олу. Цо ша доттагI ву моьттуьйту, хьуна диканиг дан араваьлларг а хуьлу иза, амма цуьнан гезгамаша хьан хье чу кхочу, хьан кхетам дIаоьцу цо, вежарий а вовшашна дуьхь-дуьхьал хIиттабо. Иштта, дуьненайукъарчу массо а тайпанчу террористашний, эстремисташний зиэран майда хилла дIахIоьттира Нохчийчоьнан латта, цхьа Дела воцчунна хаа йиш йац оцу шайтIанех мохк дIацIанбан мел къахьега дийзира. Нохчийн лаьтта тIе Iожалла, бохамаш, баланаш беанера дуьненайукъарчу терроризман некъаша. Амма, барам боцуш, йаккхий халонаш хиллехь а, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала цуьнан гIазот къобалдойла!) коьртехь а волуш, пачхьалкхан Президента Путин Владимира гIо-накъосталла а деш, мехкан, халкъан мостагIий хIаллакбан а, шайн лаьтта тIехь чIагIо йоллуш машар дIахIотто а ницкъ кхечира нохчийн халкъан. Цундела таханлера Нохчийн Республика машаран а, маршонан а шатайпа гIайре йу, терроризм йуьззина а, гуттаренна а иэшийна йолу.

Цул тIаьхьа, Нохчийчохь шайн и зулам чекх ца даьлча, цу йамартчу ницкъаша шех иштта олуш йолу «босболу» революци йира Гуьржийчохь а, Абхазехь а, Къилба ХIирийчохь а. Делахь а, вайн Президентан хьекъале политика а, шен хеннахь дина гIуллакхаш а бахьанехь, Россих Кавказ дIакъасто хилла болу Малхбузенан лаам а буьйхира. ХIинца вайн пачхьалкхана дуьхьал рогIера герз Украинех дина. Цунна кечам 2014-чу шарахь дIаболийра националистийн, фашистийн, талорхойн, дуьненахь а бале мел бевллачу, адамаллин хотIера дIадевллачу адамех лаьтташ йолу тобанаш вовшах а йетташ. Йуха Iедал шайн карадеана далале Украинин керлачу «политикин урхалло» Донецкан а, Луганскан а областашкахь меттигерчу бахархошна тIехь къиза ницкъбарца цIийIаноран боккха тIом болийра. Йуха оццу Iамаркан, Европин политикина, церан ахчанна тIе а тийжаш, Украина шайн ядеран герз кхолларан хьокъехь дуьххьалдIа кхерамаш тийса йелира. Вайн пачхьалкхан стратегин кхерамзаллина оцу тайпана кхерамаш тийсаран хьолаца нийса а догIуш, адамаш цу Iамаркан боьхачу политиках лардаран, кхин хила йиш йоцу хьекъале гIуллакх дара Россин Президента Луганскан, Донецкан халкъан республикаш, ткъа иштта, Херсонан, Запорожьен областаш къобалйар а, Украинина демилитаризаци, денацификаци йаран леррина тIеман операци дIайолор а.

Гуш ма-хиллара, Украинин куьйгашца цуьнан махкахь НАТО-с кечдина тохар ца хилийтира Россис. Ас йуха а билгалдоккху: и Украинехь цу хенахь дIадолийна хилла тIеман леррина долу гIуллакх дерриг дуьненна а кханалерчу машарна оьшуш дара. ХIинца а ду. И цигара а, Iамаркера а, йерриг Европера а и харц, боьха, адамаллин сибатера дIадаьлла, иблисан амале дирзина, Дала неIалт аьлла долу амат дIадаллалц оьшур долуш а ду. И боьхалла дуьне мел ду йаьржаш йу, вай циггахь, дуьхьал а дахана ца сацайахь, йерриг а Россихула а, Кавказехула а, Нохчийчухула а чекхйер йолуш а йу. Цундела, иштта долчу боьхачу Iадаташна дуьхьал ду вайна вешан мотт, вешан гIиллакхаш, вешан оьздангалла, гIиллакхаш, доьналла оьшуш хилар. Цу боьхаллина кIел вайн Даймохк, вайн нохчийн халкъ тасийта йиш хиллехь, аьтто хиллехь, вайн дайша эзарнаш шерашкахь тIемаш беш, шаьш хIаллакьхуьлуш, Нохчийчоь шен маттаца, шен гIиллакхашца, шен доьналлица вайга схьакхачийна а хир йацара. Йа кхунах тахана йолу, шен догцIеналлех, тешамах, доьналлех дерриг а машаре дуьне цецдуьйлуш йолу Нохчийчоь а хир йацара.

Дикано даима а иэшадо зулам. Со тахана воккхавево Путин Владимира и леррина йолу операции цу боьхаллина дуьхьал дIайолийна а, Донбассан маьрша бахархой Iазапах хьалхабахар дIадолоран историн ларамечу хиламан дакъалацархо суо а, вайн Нохчийчоь а хиларх а. Иштта со даггара воккхавево Iазапхьоьгу Донбассан халкъ паргIатдаккхарехь, Даймохк ларбен цхьааллин фронтаца дIахIитта шайн лаам хилар дIа а кхайкхийна, Нохчийн Республикин векалша дакъалоцуш хиларо а, и питана дIадерззалц вай цигахь дакъалоцург хиларо а. Везачу Делан ницкъ боккха бу. АллахI-Дала гIо а деш, эшор бу вай и боьха ницкъ, цу боьхачу ницкъан боьха гIиллакхаш, оьзда доцу Iадаташ.

ХIаъ. ХьастагIа цхьаъ, цигарчу полицехь болх беш а волуш волу, Францехь веллачу стаге маре вахана, бохуш йаздо дозаллина. ХIара шен тIехьийза кIант вара валале, цундела ша цуьнга маре вахийта, аьлла, иза цуьнга официале маре вахана. Мел чIогIа «закон» ду церан, дуй? Ма чIогIа «демократи» йу? Дахаран муьлха бакъо йу иза цуьнга «маре вахар»? ХIинца веллачу, амма дийна волуш шена «тIехьийзинчу» кIанте… Тахана зуда – зудчуьнга, стаг – стаге, зудчуьнга – цициг, жIаьле – зуда… «мареш» а деш, Дала кхоьллинчу дуьненан Iадатна, бусалба динна, адамаллина дуьхьал шайн боьхачу лаамашца йаха арайаьллачу Малхбузенна а, фашизмана а дуьхьал аравалар, дуьхьал тIом бар доккхачарах цхьа гIазот а, Везачу Делера йоккха йал хир йолуш хIума а ду. Малхбузехь санна хила лаьа вайна тахана Нохчийчохь? Делан Къуръанора, вайна йуккъехь и тайпа хIума ца хилийта, эзарза вала кийча ма ву со, эзарза вага кийча ма ву со.

Дала баккъал а бусалбанаш дойла вайх. Дала хIара хаза Iуьйренаш, хIара хаза суьйренаш вайн массеран а ийман тодеш, вайн ийман самадоккхуш, вайна Дела везар, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна!) везар, Къуръан дезар совдоккхуш, вайн эвлайааш безар совдоккхуш йахкийтина хуьлийла вайна. Дала массо а вуочу хIуманах, уггар а боьхачу хIуманах лардойла вай. Дала кху нийсачу новкъахь къахьегар а, кху нийсачу новкъахь далар а лойла вайна. Нагахь санна иштта дог-ойла а йоцуш вехаш стаг велахь – иза адам а дац, цуьнгахь адамаллех цхьаьллиг цхьа хIума а йац. Хьайн берана цуьнан пхийтта шо кхаччалц цIе тилла йиш а ца хилча, иза йоI йу, кIант ву ала йиш а ца хилча, хьайн нана – нана йу ала йиш а ца хилча, да – да ву ала йиш а ца хилча, вай хIун до тIаккха?

Оцу Украинехь а и закон тIеэца, аьлла, йукъа а ма даьккхинера Зеленскийс а. Йуха цигахь мацаха бевдда дIабахана нохчий бу бохурш, Зеленский шайн имам волуш санна, иза бусалба динна коьртехь волуш санна лелаш бу. Цунах хIун олу? Уьш муьлш бу? Шайн Даймохк ларбеш бу уьш? Церан Даймохк мичахь бу, уьш мичахь бу? Церан пачхьалкх мичахь йу, ткъа уьш муьлхачу пачхьалкхехьа къамелаш деш бу? ТIом бан-м уьш нах а йацара. Шайгахь жимма а нохчалла йисина хилча, и шайн декъаза хабарш шайн маттахь дуьйцур дара цара, шайн нохчийн мотт буьйцур бара, цу меттан Iаьнарехь нохчийн меттан хатI, амал хир йара. Йац. Хир а йац. Шайгахь жимма а нохчалла хилча, уьш цигахула и осала къамелаш деш лелаш а хир бацара, йа церан нохчаллех дисина хIума а дац. Йа уьш нохчийн хIух бу ала со хIуттур а вац… Иза хуьлу нохчалла дIайаьлча, иза хуьлу нохчийн мотт дIабаьлча, меттан амал дIайаьлча, гIиллакхаш, оьздангалла, нохчаллин орам дIабаьлча. Дала лардойла вай цу бохамах. Мотт дIабаларо, меттан орам дIабаларо, дайн гIиллакхаш, Iадаташ дицдаро стенга кхачаво вайна тахана Европе дIахьаьжча гуш ду…

Дуьне кхоьлличхьана дуьйна схьа Дала кхоьллина долу массо а хIума шайна Дала деллачу Iадаташца дехаш ду, йерриге акхарой а, дийнаташ а, олхазарш а… Цхьа адамаш цIе йерш ду-кха шайн «демократи» сов тIех а йаьлла, Дала деллачу сибатера дIадовла гIерташ, шайга кхаьчна и дуьненахь а, эхартахь а дакъаздовлар дуьне мел ду даржо гIерташ арадевлла. Дала мукъ лахь, иза хир дац. Дала мукъ лахь, цу зуламна дуьхьал къахьоьгуш, тIемаш беш болу вайн кIентий доккхачу гIазотехь а бу. Вайн кIентий цигахь, цу зуламна, иза кху вайн Нохчийн махка ца кхачийта, эзар километр цу зуламна дуьхьал а бахана, тIемаш беш а бу. Толам вайгахь а бу. Дала мукъ лахь, вайн халкъан иштта кIентий мел бу, иштта лакхара кхетам болуш вайн къам мел ду, вайн мотт а, меттан йоза а, дайн гIиллакхаш а дехар ду. Вайн халкъ, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Ахьмад-Хьаьжас ма-аллара, кху лаьтта тIехь шен меттиг йолуш, шен мотт а болуш, шен гIиллакхаш, Iадаташ а долуш, уггар а дика даха хьакъ а ду.

– Вайн меттан тахане муха го хьуна, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан? Муха хир йу аьлла хета хьуна цуьнан кхане?

– Вай а, вайн мотт а, вайн гIиллакхаш а, вайн дайн Iадаташ а суна селхана а, стомара а, бIе шо хьалха, ши бIе шо хьалха вайн дайшна санна, тахана а, кхул тIаьхьа цхьа бIе, эзар шо даьлча вайн тIаьхьенашна а цхьаъ хилла схьадогIуш а, цхьаъ хилла лаьтташ а, цхьаъ хилла кхана догIун долчу къематдийне дIахьур долуш а, иштта хила дезаш а го. Вай нохчи ду. Iаламат йаккхийчу имперешца хийла бIешерашкахь лаьттинчу къийсамашкахь шен тоьллачу кIентех а дуьйлуш, оцу луьрачу къийсамашкахь шен амал а, шатайпа хилар а лардинчу халкъах ду вай. Вайн гIиллакхаш кху вайн махкарчу лаьмнел а лекха ду, баьхна вайн дайша. Вайн лаьмнийн комаьршалла кху дуьненан йеа а маьIIехь йевзаш хилла гуттар а. Вайн Iадаташа эзарнаш шерашкахь латтийна вайн Нохчийчоь сийлахь а, хIора нохчичунна ша вина нана санна йеза а, хьоме а. Нохчийчоь дуьненна орцахавала шен кIант воцуш йисинчу дийнахь духур ду дуьне, баьхна вайн мехкан къонахаша. Эзарнаш шераша тIедогIучу эзарнаш шерашка а кхийдош лаьттинчу нохчаллина гуттар а тешаме хиллачу, цу буьрсачу шерийн и шераш вовшахдузуш коьрта геланча хилла баьхначу вайн нохчийн меттан аз, вайн нохчийн меттан дош, шен селхане а ма-хиллара, дуьне мел лаьтта кхане йолуш а хирг хиларх тешна а ву со. Иштта тешна хIора нохчийн кIант, хIора нохчийн йоI, хIора нохчийн нана, да ву, хила а хилла, хир а ву, аьлла, дог тешна а ву со. Вайн сийлахьчу халкъан кхане, вайн турпалчу халкъан меттан, гIиллакхийн, Iадатийн кхане кхечу агIор гойла а дац, Дала мукъ лахь, цхьана а нохчичунна кхин ледарчу агIор гур а йац.

Вайн берриг а мохк аьтта, гIаланаш йохийна, йарташ хIаллакйина, нохчийн халкъ даржийна, дохийна дIадаьккхича, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн халкъе хаьттина дагадогIу вайна, цо вайн халкъе кховдийна хилла ши некъ а дагабогIу вайна. «Хьалхара: Вай йа летта, летта, делла, кху дуьненчохь кхин цкъа а нохчийн халкъ ду, аьлла, хир а доцуш дIадовлу? ШолгIа: Йа вайн нохчийн халкъ кху дерриг дуьненахь а уггар а тоьлла халкъ хилар дуьненна а дIахоуьйтуш, кху лаьтта тIехь нохчийн халкъана белла мохк уггар а беркатениг хиларан, нохчийн халкъ кху уггар а хазачу махкахь даха хьакъ хиларан тоьшалла а хилла, дуьне мел лаьтта деха? Кхин цхьа хIума а ду шуна, лараме махкахой. И хьалхарниг вайн доьзалша а, вайн дай-наноша а, Везачу Дала а, бусалба дино а вайга дан деза ца боху шуна. Вай, бусалба а долуш, нохчий а хилла, даха деза…»

Дала цуьнан гIазот къобалдойла, цу буьрсачу шерашкахь Ахьмад-Хьаьжас диначу хаттарна жоп луш вайн халкъо и шолгIа некъ хаьржира. Маьрша дахар къастийра. Нохчалла, нохчийн мотт, нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ къастийра. И къастам, и Ахьмад-Хьаьжин некъ бу вай тахана схьабохьуш берг. Тахана вайн хIора а нохчичун доьзалан некъ а иза бу. Вайн нохчалла йу, нохчийн мотт бу, дайн гIиллакхаш ду, дайн Iадаташ ду. Дала мукъ лахь, хIара сийлахь, беркате некъ кху дуьненахь цхьа нохчи мел ву хир а бу, хила безаш а бу. Суна вайн халкъан кхане, лакхахь а вай ма-аллара, кхана а, иштта кхул тIаьхьа бIе, эзар шо дIаьлча а цхьаъ го: бусалба а долуш, вешан Даймохк а болуш, кху Даймахкахь вайн дайн мотт а болуш, гIиллакхаш, Iадаташ а долуш. Дала мукъ лахь, иза иштта хир а ду. Иза иштта хир дац, хилийта вайн ницкъ кхочур бац, бохуш ойла йеш верг кху Нохчийчохь, ша нохчи ву бохуш, ваха оьшуш а дац. Вайн халкъо схьабохьуш берг вай лакхахь хьахийна болу Ахьмад-Хьаьжин некъ бу. ХIара некъ гуттар хир а бу.

– Лараме Мехк-Да, Дела реза хуьлда. ХIара вайн таханлера къамел дерзош ненан мотт Iалашбан, марзбан, баржо хIун, муьлха кхайкхам бийр бара ахь нохчийн халкъе?

– Ас йуха а боху: нохчийн мотт вайн къоман са ду. Ткъа меттан йоза синкхетаман орам бу, цу меттан чIагIо йу. Иза денна кхуьуш, бехаш хиларна, бехар болуш хиларна тоьшалла ду. Нохчийн мотт вай мел бийцахь а, лелабахь а, вай нохчийн маттахь йоьшуш, йаздеш ца хилахь, ваьшна вешан маттахь ойла йан Iемар доцийла а хаьа вайна. Ткъа нохчийн маттахь ойла йеш вай дацахь, вай вешан дайн гIиллакхаш, Iадаташ лелон ма-деззара, доггаха, багахь а доцуш, деш долчу гIуллакхца, йечу ойланца лелон гуьнахь хир доцийла а хаьа вайна. Вайна вешан тIаьхье нохчийн маттахь ойла йеш кхиор оьшу. Вайна иза деза ду. Нохчийн меттан ойланехь, нохчийн меттан дешан ойланехь дац цхьа а ледара дош, харцлер, ийман цахилар, къинхетам цахилар, Iесалла. Нохчийн мотт Везачу Дала вайна совгIатана белла, Цо вайна дина дика ду. Вайн дозалла ду, вайн уггар а боккха бахам бу. Цундела массаьрга а кхайкхам бу сан: шайн берана дуьххьара нохчийн мотт, ненан мотт бовзуьйтуш, иза Iамош хилахьара шу. Цул тIаьхьа шайна луъу мотт Iамабе. Бакъду, нохчийн маттахь цуьнан ойла а йацахь, цуьнан хьежамаш а бацахь, цуьнан кхайкхамаш а бацахь, лелар а, болар а нохчаллица догIуш дацахь, цуьнан цхьа а хIума дахарехь дIа-м гIур дац.

Дала мукъ лахь, вай массара а къахьоьгур ду-кх нохчийн мотт бийцарна а, бовзийтарна а, иза лаккха хьалаайъарна а тIехь. Дукха болх бу оцу тIехь бан безаш берг. Массара а цу тIехь дакъалаца а деза. ТIаккха вай долийна хIара беркате гIуллакх кхачам боллуш цхьана хорша, цхьана тIегIане а дер ду. ТIаккха вайн нохчийн меттан де а, цхьа де хилла ца Iаш, Нохчийн меттан шо цхьа шо хилла ца Iаш, массо де а, массо шо а Нохчийн махкахь нохчийн меттан де, нохчийн меттан шо долуш, дIа а нислур ду. Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Ахьмад-Хьаьжин новкъахь иштта хила дезаш а ду, иза иштта хир а ду. Даймохк, нохчийн халкъ, къоман амал, мотт безар цу сийлахьчу стеган цIийца а, сица а, цо мел боккхуш болчу хIора когаца а, хIора гIуллакхца а дара, иштта цу ойланашца, цу гIиллакхашца, цу Iадаташца бIеннаш, эзарнаш шерашкахь вайн дай а баьхна.

И сийлахь некъ иштта тахана дIабахьар а, кхана вешан тIаьхьенашка и дIакховдор а вайн декхар а ду. Цунах вайн халкъ кхетор а, берриге хаамийн гIирсашкахь иза денна дийца дезар а ма-хуьллу шуьйра дIадахьа дезаш хилар ас сайн гIоьнчина, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министрана Дудаев Ахьмадна тIе а диллина, цо и болх дика беш а бу. Дала мукъ лахь, вай и сийлахь, деза гIуллакх вешан ницкъ а, гIора а мел ду, дIа а хьур ду.

Дела реза хуьлда хьуна, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Дала йоле дуьллийла ахь, хьайн ницкъ ца кхоош, хIокху махкана а, халкъана а мел деш долу дика. Дала диканца дукха вахавойла хьо кху вайн нохчийн халкъана!

– Амин! Дела реза вайна массарна а хуьлда! ЦIеначу даггара массо а нохчи декъалво ас Нохчийн меттан шарца а, тIедогIучу Нохчийн меттан денца а!

Шамсудинов Бувайсар

«Даймохк» газет, 2023 ш. чиллин беттан 21-гIа де, № 13 (13713).

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |