Пт, 29 марта, 05:35 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » НОХЧИЙН МОТТ » Къоман дахарх – цхьа кIеззиг

Къоман дахарх – цхьа кIеззиг

18.08.2022 17:32

Вайн республикин нохчийн маттахь цхьаъ бен доцчу «Даймохк» газето дIайолийна «Йовза, еза Нохчийчоь» цIе йолу рубрика. И болх дIахьош дукха хан йоццуш тхо хилира Шаройн районехь. Исбаьхьа Iалам долуш, шега хьаьжначун бIаьрг хьостур болуш, хаза ю и меттиг. Лекха лаьмнаш, сирла шовданаш, лаьмнийн басешкахь юькъа хьаннаш, дохнан дежийлаш, шира бIаьвнаш ю цигахь.

ГIиллакхе, оьзда адамаш – жIайхой (аварцы) бу Шаройн районехь бехаш. Нохчашца уьйр-марзо а чIогIа ю церан. Баккхийчара дуьйцуш а хезна суна цу хьокъехь. ТIевеана хьаша-да цара чIогIа лоруш хилар-м цига вахначунна дукха хан ялале хуур ду. ХIума кхалла а, ламаз эца а аьтто беш дика хьошалла до цара. Самукъадолий хьийзаш хуьлу шаьш долчу хьеший баьхкича.

Иштта, оцу районан Кенхи юьртахь а хилира тхо цигарчу бахархойн Iер-дахаран хьелаш довзаран Iалашонца. Тхо цига дIакхаьчначу хенахь де делкъенга лестина хан яра.

КIоргачу Iаннашкахула чуоьхуш лаьмнийн хиш дара. Цигарчу Iаламе, исбаьхьачу меттигашка бIаьргтоьхча цхьа шатайпа там хуьлура дагна.

Кенхехь 300 сов ков-керт а, 2000 гергга адам а ду Iаш. Юьртахь 2 библиотека, 2 культурин цIа, жIайхойн культурин туш, куьпан больница, дохнан лоьрийн учреждени, юкъарадешаран 3 школа ю.

Юьртахь дешархой кIезиг хиларна, школехь масех класс бен ца хуьлу. Делахь а, берашна дешаран хьелаш массанхьа а долуш ду: тойина, кечйина чоьнаш, йийбар, дешаран-гайтаран гIирсаш, Iаматаш, иштта дIа кхин а… Хьехархой цатоарна школашкахь хала хьал ду, боху школийн директорша. Амма, тIеоьшуш болу хьехархой лохуш бу. Ломахь белхаш бечу хьехархошна белхан а, дахаран-Iеран а хьелаш ду юьртахь. Уггаре а чIогIа оьшуш берш физикин, химин хьехархой бу цигахь.

Масала, Кенхерчу №2 йолчу юккъерчу школехь физикин хьехархо оьшура шайна бохура школин директора Дубаев Мохьмада. Хазахета оцу юьртарчу школашкахь дешархошна нохчийн мотт хьоьхуш хилар.

Спортзал а ю школехь. Директора дийцарехь, ткъех бер ду цигахь спортан секцешка лелаш. Цара дакъалоцу вайн республикехь дIахьочу спортан къийсадаларшкахь. Дикачу кхиамашка а кхочу уьш. Цунна тоьшалла ду спортсменаша кест-кеста хьалхара а, шолгIа а меттигаш йохуш хилар. Уьш паргIатчу кепара охьатохархлатарх лата Iамош бу. Иштта, бераш Iамадо футболах, волейболах ловза а. Церан тренер ву Исламов Ислам. ХIора шарахь аьхкенан каникулашкахь ремонташ йо юьртарчу школашкахь. Билгалдаккха лаьа карарчу хенахь ЕГЭ-на кечамаш беш дешархошца дIахьош белхаш хилар а. Амма, экзаменаш яла езаш берш дукха бац. Уьш оцу юьртарчу 9–11-чуй классашкахь верриге а 30 дешархо бен вац. 11-чу классехь – цхьаъ, 9-чу классехь ялх бен кхин дешархой боцуш школаш а ю кахь.

И.МАТАГОВ

Источник: газета "ДАЙМОХК"

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |