Пт, 03 мая, 20:18 Пишите нам






* - Поля, обязательные для заполнения

rss rss rss rss rss

Главная » НОВОСТИ » Общество » Нохчийн Республика а, Воронежан область а цхьаьнагӀуллакхдан лерина

Нохчийн Республика а, Воронежан область а цхьаьнагӀуллакхдан лерина

15.02.2023 12:08

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, Воронежан областан губернатора Гусев Александра а куьйгаш йаздина шина субъекта цхьаьнагӀуллакхдаран хьокъехьчу Бартана.

Цуьнца а догӀуш, социальни а, экономикин а, Ӏилманан а, техникин а, культурин а дакъошкахь гӀуллакхаш цхьаьна а, берттахь а кхочушдан лерина йу ши субъект.

Цул сов, йуьртан бахаман а, транспортан а, промышленностан а, гӀишлошйаран а, архитектурин а дакъош а цунна йукъаозо тарлуш ду.

Тидамза дуьтур дац могашалла Ӏалашйаран а, дешаран а, спортан а, туризман а, кегийрхойн гӀуллакхийн а дáкъош.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, Нохчийн Республика а, Воронежан область а цхьаьнагӀуллакхдан лерина долу дáкъош йоккха тӀаьхьалуо йолуш ду.

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ИА "Грозный-информ" обязательна.

Нашли ошибку в тексте? Выделите ее мышкой и нажмите: Ctrl+Enter

Поделиться:

Добавить комментарий




Комментарии

Страница: 1 |